Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:19

[1] Йохалла юстархьама Ӏасанах тера болу эрз белира сан кара. ТӀаккха соьга элира: «Хьала а гӀаттий, Делан цӀа а дуста, сагӀа доккху кхерч а буста, цу цӀа чуьра Далла Ӏамал ян догӀу адамаш а дагарде.

[2] Ткъа Делан цӀенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хӀунда аьлча и кхечу къаьмнашна дӀаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гӀала хьоьшур ю.

[3] Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».

[4] Дерриг а Лаьтта тӀехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш.

[5] Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цӀаро мостагӀий дӀакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хӀаллакван везаш ву.

[6] Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дӀакхайкхочу деношкахь лаьтта тӀе догӀа ца даийтархьама, стигал дӀакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цӀий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дӀасадаржо.

[7] Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Ӏин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву.

[8] Церан декъий сийлахьчу гӀалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гӀаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жӀарах дӀатоьхна хилла.

[9] ТӀаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац.

[10] Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгӀаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела.

[11] Ткъа кхо дей, ах дей дӀадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Ӏаь юьйлира. ТӀаккха и шиъ шайн когаш тӀе хьалахӀоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чӀогӀа кхерабелира.

[12] Шина пайхамарна стигалара чӀогӀа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТӀаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагӀий цаьрга хьоьжуш бара.

[13] Цу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.

[14] ТӀебеана болу шолгӀа бала а дӀабелира, амма кестта тӀебогӀуш кхоалгӀа бала а бу.

[15] ВорхӀалгӀачу малико а Шен карара турба лекхира. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тӀера пачхьалкх хӀинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тӀейогӀучу заманна паччахьалла дийр ду».

[16] Далла хьалха долчу паччахьан гӀанташна тӀе хиъна Ӏаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Далла Ӏибадат дора.

[17] Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тӀе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна.

[18] Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»

[19] Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг — Chapters