[1] Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна».
[2] Цу сохьта суна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Ӏарш, шена тӀехь охьахиъна Верг а волуш.
[3] Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цӀе йолу деза тӀулгаш санна, можачу а, цӀечу а басахь лепара. Цуьнан гӀантана гонах, «изумруд» цӀе йолу тӀулг санна, лепаш стелаӀад дара.
[4] Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.
[5] Цу Ӏаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГӀантана хьалха богуш ворхӀ къуьда бара. Уьш Делан ворхӀ Са ду.
[6] Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалх а, тӀехь а шорта бӀаьргаш дара церан.
[7] Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгӀа дийнат старгӀанах тера дара. КхозлагӀчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгӀаниг тӀемаяьллачу аьрзунах тера дара.
[8] Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
[9] Цу дийнаташа Ӏаршана тӀе хиъна волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а,
[10] и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:
[11] «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дӀаэца. ХӀунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».