[1] ТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара.
[2] Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чӀогӀачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хӀокху тептар тӀера мухӀарш дӀа а даьхна, иза дӀаделла хьакъ верг?»
[3] Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дӀаделла а, я цу тӀе хьажа а.
[4] И тептар дӀа а диллина, иза деша а, я цу тӀе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира.
[5] Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХӀара ду ЯхӀудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тӀера ворхӀ мухӀар дӀадаккха а, иза дӀаделла а».
[6] ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.
[7] Ӏахаро Ӏаршана тӀе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира.
[8] ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара.
[9] Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.
[10] Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гӀуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тӀехь паччахьалла дийр ду».
[11] Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш.
[12] Цара, аз чӀагӀ а деш, олура: «Бийна болу Ӏахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чӀагӀо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дӀаэца».
[13] Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хӀорда тӀехь а Дала кхоьллинчу хӀора хӀумано а – царна чохь долчу массо хӀумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тӀейогӀучу заманна хуьлийла Ӏаршана тӀехь хиъна Волчун а, Ӏахаран а».
[14] Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.