[1] Стигалахь цхьа йоккха билгало дӀахӀоьттира. Цигахь малхах дина духар тӀехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кӀел бутт бара. Ткъа коьрта тӀехь шийтта седа болу таж дара.
[2] И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.
[3] Кхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара.
[4] Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.
[5] Оцу зудчо кӀант вира. Иза аьчка гӀожаца массо а халкъашна тӀехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦӀеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Ӏаршана тӀе дӀадигира.
[6] Ткъа и зуда яьссачу аренга дӀаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.
[7] Стигалахь тӀом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тӀом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира.
[8] Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна.
[9] И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.
[10] ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана! ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.
[11] Вайн динан вежарша Ӏахаран цӀийца а, шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна. Шаьш делла дӀадовллалц шайн са а ца кхоийна цара.
[12] Иштта, яккхийелаш стигалш а, стигалш тӀехь дехаш дерш а! Декъаза ду-кх лаьтта тӀехь а, хӀорда чохь а дехаш дерш! ХӀунда аьлча, шен йисина хан кӀеззиг юйла а хууш, дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!»
[13] Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира.
[14] Ткъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тӀам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тӀема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дӀа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара.
[15] ТӀаккха зудчунна тӀаьхьабаьллачу саьрмико шен багара хи туьйхира, цуьнга и зуда дӀаяхьийтархьама.
[16] Амма Лаьтто гӀо дира цу зудчунна. Саьрмико багара схьатесна долу и хи, дӀасадаханчу лаьттан кийрано дӀахуьйдира.
[17] Саьрмик чӀогӀа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тӀаьхьенах болчу кхечаьрца тӀом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.