Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:15

[1] ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.

[2] Иза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла.

[3] Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш.

[4] Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь.

[5] Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.

[6] Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».

[7] «Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»

[8] Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама.

[9] Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!»

[10] Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю.

[11] Харцдерг лелочара кхидӀа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидӀа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цӀена берш кхидӀа а цӀена лелийла».

[12] Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама.

[13] Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».

[14] Декъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а.

[15] ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.

[16] «Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а».

[17] Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.

[18] Кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хӀоранга а Аса дӀахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тӀе цхьа хӀума тӀетохахь, Дала цу тептар тӀехь бийцина болу массо а баланаш тӀебоуьйтур бу цунна.

[19] Нагахь кху тептар тӀехь дӀаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хӀума тӀера дӀадаккхахь, Дала кху тептар тӀехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гӀалина чохь а дакъалацар дӀадоккхур ду цуьнан».

[20] Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!

[21] Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца даим а.

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг — Chapters