Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:45

[1] Шайн динан вежаршка болу безам даим латтабе.

[2] Хьаша тӀеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тӀе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш.

[3] Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.

[4] Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дӀадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.

[5] Ахчанна тӀаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».

[6] Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»

[7] Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта.

[8] Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.

[9] Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чӀагӀдар гӀоле ю, хӀума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.

[10] Вайн сагӀа доккху кхерч бу, цу тӀера хӀума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчеран.

[11] Къинах долчу сагӀина дайинчу дийнатийн цӀий динан коьртачу дас Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо.

[12] Иштта Ӏийсас а, Шен цӀийца нах базбархьама, гӀалин кевнал арахьа бала лайра.

[13] Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тӀе а лоцуш.

[14] Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.

[15] Ӏийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагӀа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цӀе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.

[16] Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хӀунда аьлча иштта сагӀанаш Далла тамехь ду.

[17] Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтӀахь а хила, хӀунда аьлча уьш массо а хенахь шун гӀайгӀа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац.

[18] Тхох лаций доӀанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цӀена хиларх, хӀунда аьлча массо а хӀуманна тӀехь хьанал хила гӀерта тхо.

[19] Къаьсттина доьху шуьга доӀа дар, Дала со сиха шайна тӀе юхаверзорах лаций.

[20] Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,

[21] Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хӀума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин.

[22] Ас доьху шуьга, динан вежарий, хӀокху иракарахӀотторан даше собарца ладогӀар, яздинарг башха дукха а дац.

[23] Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргӀатваьккхина. Иза кестта схьавагӀахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду.

[24] Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга.

[25] Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.

Ӏебархошка яздина кехат — Chapters