Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:10

[1] ТӀаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тӀе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тӀехула стелаӀад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цӀерах богу бӀогӀамаш санна, бара.

[2] Ткъа цуьнан карахь дӀаделладелла долу хьарчийна жима тептар дара. Цу малико шен аьтту ког хӀорда тӀе биллира, аьрру ког лаьтта тӀе биллира.

[3] Цо, лоьмо санна, чӀогӀа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тӀаьхьа, ворхӀе а ткъес туьйхира, церан гӀовгӀанаша къамел а деш.

[4] Цу ворхӀе а озо къамел дича, со дӀаяздан волавелира, амма цу хенахь суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «Оцу ворхӀе а ткъесо дийцинарг къайла а даккха, иза дӀа а ма язде».

[5] Суна хӀордана тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна,

[6] стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел долу хӀума а кхоьллина волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна волуш Волчун цӀарах чӀагӀо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан.

[7] ВорхӀалгӀачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Ӏалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла.

[8] Стигалара суна хезначу цу озо, юха а соьца къамел а деш, элира: «Ваха а гӀой, и делладелла долу хьарчийна тептар хӀорда тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ долчу маликан карара схьаэца».

[9] Аса, оцу маликана тӀе а вахана, цуьнга дийхира: «Лохьа соьга и тептар», – аьлла. Малико соьга элира: «ДӀа а эций, и тептар даа. Хьан кийрахь иза къаьхьа хир ду, амма хьан багахь, моз санна, мерза хир ду и».

[10] Маликан карара тептар схьа а эцна, аса и диира. Моз санна, мерза дара иза сан багахь. Ткъа аса и тептар диъча, сан кийра къахьбелира.

[11] Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг — Chapters