Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:25

[1] Керла стигал а, керла латта а гира суна, хӀунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хӀинца дӀадаьллера. ХӀорд а кхин бацара.

[2] ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.

[3] Стигаларчу Ӏаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀинца Дела Ӏаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Ӏийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Ӏийр ву.

[4] Дала церан хӀора бӀаьрхи а дӀадоккхур ду. ХӀинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хӀунда аьлча хьалхалера хӀуманаш дӀадевлла».

[5] Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».

[6] Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.

[7] Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кӀант а хир ву.

[8] Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».

[9] ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».

[10] Суна тӀе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тӀе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогӀу еза Ярушалайм-гӀала.

[11] Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.

[12] Цу Ярушалайм-гӀалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тӀе дӀаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цӀераш яра.

[13] Царах кхо ков малхбалехьа агӀор дара, кхин кхоъ – къилбаседехьа, важа кхоъ – къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агӀор дара.

[14] ГӀалин и пенаш шийтта тӀулган бух тӀехь лаьтташ дара. Цу баххаш тӀе дӀаязйина Ӏахаран шийтта векалан цӀераш яра.

[15] Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.

[16] И гӀала биъ са болуш дӀахӀоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гӀожаца цо и гӀала юьстира. Иза бӀозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара.

[17] ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара.

[18] И пенаш яспис олучу дезачу тӀулгех дина дара. ГӀала ша а цӀеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара.

[19] ГӀалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгӀаниг – саппир олучу, кхоалгӀаниг – халкидон, боьалгӀаниг – изумруд,

[20] пхоьалгӀаниг – сардоникс, йолхалгӀаниг – сардис, ворхӀалгӀаниг – хризолит, борхӀалгӀаниг – вирил, уьссалгӀаниг – топаз, уьтталгӀаниг – хризопрас, цхьайтталгӀаниг – яцинт, шийтталгӀаниг – аметист олучу дезачу тӀулгех бинера.

[21] ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.

[22] Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.

[23] Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.

[24] Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гӀали чу.

[25] Оцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.

[26] Халкъийн хьал а, хазна а цу гӀали чу яхьар ю.

[27] Цхьа а боьха хӀума а, иштта сийсаза долу гӀуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гӀалина. Ӏахарехь долчу дахаран тептар тӀехь цӀераш язйина берш бен, цхьа а гӀур вац цу чу.

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг — Chapters