[1] Цул тӀаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агӀор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьӀӀера хьоькху биъ мох дӀалаьцнера, иза я лаьттана тӀе, я хӀордана тӀе, я цхьанна а диттана тӀе ца бахийтархьама.
[2] ТӀаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухӀар дара. Оцу малико лаьттана а, хӀордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира:
[3] «Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».
[4] И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара.
[5] Иштта, ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тӀе а мухӀар тоьхна; Раабанан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Гадин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
[6] Ашаран тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Напталан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Маннашан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
[7] ШимӀин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Левин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Иссарханан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
[8] Забулан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Юсупан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Бен-Яманан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана.
[9] Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.
[10] Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!»
[11] Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара.
[12] «Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чӀагӀо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тӀейогӀучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша.
[13] Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кӀайн обанаш тӀеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?»
[14] Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТӀаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цӀан а дина, Ӏахаран цӀийца кӀайдина.
[15] Цундела уьш Делан олаллин гӀантана хьалха лаьтташ бу хӀинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цӀа чохь Далла гӀуллакх до. Ӏарша тӀе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Ӏийр ву, Цо уьш лар а бийр бу.
[16] ХӀинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.
[17] ХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».