Skip to content
Opens in a new window

[1] И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агӀор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тӀера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хӀордан берда тӀера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаӀанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш

[2] цхьаьна гулбелира ЮшаӀана а, исраилхошна а дуьхьал тӀаме бовла.

[3] Амма ГавӀон-гӀалин бахархой, Ерихон а, ГӀай а гӀаланашна ЮшаӀа динарг а хезна,

[4] хӀиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богӀу геланчаш санна кечвелира, эттӀа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тӀе тишделла галеш а, йоманаш летийна пӀаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан.

[6] Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша».

[7] Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Ӏаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?»

[8] Цу наха ЮшаӀе элира: «Тхо хьан леш ду». ЮшаӀа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?»

[9] Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а

[10] Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а.

[11] Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гӀой, дӀаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“.

[12] ХӀара бепиг оха тхайн цӀеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догӀучу дийнахь, ткъа хӀинца иза дакъа а делла, матар а доьлла.

[13] Оха чагӀар чудуттуш керла хилла долу пӀаьлдигаш хӀинца эттӀа. ХӀара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла».

[14] Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь.

[15] Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чӀагӀо йира ЮшаӀа. Исраилхойн тхьамданаша а чӀагӀо йира царна.

[16] И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Ӏаш буйла а.

[17] ХӀунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагӀчу дийнахь церан гӀаланашка кхечира. Цу гӀаланийн цӀераш яра: ГавӀон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯӀарим.

[18] Амма исраилхоша хӀаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цӀарах царна чӀагӀо йина дела. И хӀума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой.

[19] Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чӀагӀо йина царна, цундела царах куьг Ӏотта йиш яц вайн.

[20] Ткъа царна вай хӀара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чӀагӀо бахьанехь ваьшна таӀзар ца хилийта».

[21] Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша.

[22] Хьаьвихой тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира: «Тхо ле хӀунда дира аша: „Тхо шуна вуно генахь Ӏаш ду“, – аьлла, шу-х тхуна уллохь дехаш ду?

[23] Аша харцдерг дийцарна, неӀалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цӀенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!»

[24] Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх.

[25] ХӀинца тхо хьан карахь ду. Хьайна бакъахьа а, нийса а хеттарг тхуна дер-кх ахьа».

[26] ЮшаӀа хӀара дира: цо хьаьвихой исраилхойн куьйгех кӀелхьарбехира, цара уьш хӀаллак ца бира.

[27] Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.

ЮшаӀан тептар — Chapters