[1] ШолгӀа кхаж ШимӀин тайпанна белира. ЯхӀудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош.
[2] Царна кхаьчнарг хӀара дара: Беар-ШабаӀ (я ШебаӀ), Мулада,
[3] Хьацар-ШуӀал, Бала, Ӏацам,
[4] Элтолад, Бетул, Хьорма,
[5] ЦакхелагӀ, Байт-Маркабут, Хьацар-Суса,
[6] Байт-Лебаот, Шарухьен – кхойтта гӀала шайн ярташца.
[7] Ӏейн, Римун, Ӏетар, Ӏашун – йиъ гӀала царна гонах йолчу ярташца.
[8] Цул сов, цу гӀаланашна гонах йолу массо а юрт яра церан, ур-атталла БаӀалт-Беарана (я кхечу тайпана къилбехь йолчу Рамина) тӀекхаччалц. Иштта дара ШимӀин тайпанан дакъа.
[9] ЯхӀудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимӀин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимӀин тайпанах болчеран латта.
[10] КхоалгӀа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гӀалина тӀекхаччалц дӀадоьдура.
[11] Юха, малхбузехьа МарӀалана тӀе а доьдий, цигара дӀадахча, Дабешетах дӀа а кхетий, тӀаккха ЯкхнаӀамна уллорачу хина тӀе кхочура иза.
[12] Саридана тӀера малхбалехьа Кислут-Табурна тӀедоьрзура доза, цул тӀаьхьа Дубратана тӀе а доьдий, юха ЯпияӀ йолчу хьаладолура иза.
[13] Цул тӀаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Ӏет-Кхацинна а тӀе а кхочий, кхидӀа Римуна тӀе а доьдий, НеӀа йолчу агӀор дӀадоьрзура.
[14] Къилбаседехь доза Хьанатон йолчу дӀадоьрзура, кхидӀа а доьдий, Яптахь-Эл-тогӀи чохь чекхдолура.
[15] Церан лаьтта тӀехь шийтта гӀала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хӀорш ю: КхатӀат, НахӀлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам.
[16] Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Забулан тайпанах долчу гаранашна.
[17] БоьалгӀа кхаж Иссарханан тайпанах долчу гаранашна белира.
[18] Церан лаьтта тӀехь яра: ИзраӀал, Кесулот, Шунам,
[19] Хьапарайм, Шион, Анахьарат,
[20] Рабит, Кхишон, Эбец,
[21] Ремет, Ӏейн-Ганим, Ӏейн-Хьада, Байт-Пацац.
[22] Доза, Табурна а, Шахьацимана а, Байт-Шамашна а тӀе а кхочий, цигара дӀадоьдий, Йордан-хина уллохь чекхдолура. Царна кхаьчнарг ялхитта гӀала яра шайн ярташца.
[23] Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Иссарханан тайпанах долчу гаранашна.
[24] ПхоьалгӀа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира.
[25] Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап,
[26] Алам-Малик, ӀамӀад, Мишъал. Малхбузерчу агӀор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тӀекхочура.
[27] Юха, малхбалехьа Байт-ДагӀон йолчу дӀа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогӀина а тӀекхочура иза. Цул тӀаьхьа къилбаседехьарчу агӀор Байт-Ӏамакхна, НеӀилна а тӀех а долий, Хабулна тӀекхочура иза.
[28] Цул тӀаьхьа доза, Ӏабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тӀе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦӀаданна тӀекхаччалц дӀадоьдура.
[29] Рама-гӀала йолчу юха а доьрзий, цигара дӀа чӀагӀйина йолчу Цора-гӀалина тӀедоьдура доза, ткъа цигара дӀа Хьоса-гӀалина тӀедоьрзура. ХӀорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза.
[30] Ӏума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гӀала яра шайн ярташца.
[31] Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Ашаран тайпанах долчу гаранашна.
[32] ЙолхалгӀа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира.
[33] Церан доза, Хьелеп-гӀала а, ЦаӀнаним-гӀалина уллора нежнаш а долчуьра дӀадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тӀе а доьдий, Лакхумна тӀекхочура. Ткъа цигара дӀадахча, Йордан-хи тӀехь чекхдолура иза.
[34] Кхузара дӀа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тӀе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тӀе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дӀахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дӀахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тӀе кхочура.
[35] ЧӀагӀйина гӀаланаш хӀорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот,
[36] Адама, Рама, Хьацор,
[37] Кхедаш, ЭдреӀи, Ӏейн-Хьацор,
[38] Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Ӏанат, Байт-Шамаш – ткъайоьсна гӀала шайн ярташца.
[39] Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.
[40] ВорхӀалгӀа кхаж Данан тайпанах долчу гаранашна белира.
[41] Церан декъа чуйогӀуш яра: ЦорӀа, Эштаул, Ӏир-Шемеш,
[42] ШаӀалбан, Айлон, Йитла,
[43] Эйлон, Тамна, Ӏекхран,
[44] Элтакха, Габитун, БаӀалт,
[45] ЙихӀуд, Бини-Биракх, Гати-Римун,
[46] Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гӀалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира.
[47] ТӀаккха, Лешем-гӀалина тӀе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хӀаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гӀалахь баха хевшира уьш, цуьнан цӀе Дан а тиллина, шайн ден Данан цӀарах.
[48] Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна.
[49] Шаьш латта декъна бевлча, Нунин кӀантана ЮшаӀана а шайна юккъехь дакъа делира исраилхоша.
[50] Везачу Эло тӀе-ма-диллара, ЮшаӀа шена ехна йолу гӀала елира цара цунна. Иза Эпрайман лам тӀехь йолу Тамнат-Серахь яра. ГӀала то а йина, цу чохь ваха хиира ЮшаӀ.
[51] Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира.