Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагӀех кӀелхьарбаьхначул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзинера.

[2] Берриг а исраилхошка схьакхайкхира ЮшаӀа: къаношка а, тхьамданашка а, кхелахошка а, куьйгалхошка а. Цо элира цаьрга: «Со хӀинца, къан а велла, хене а вирзина.

[3] Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тӀом беш.

[4] Малхбалерчу Йордан-хи тӀера малхбузерчу Дуьненаюккъера хӀорда тӀекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дӀаделла ас. Вай хӀинцале хӀаллакдинчу къаьмнийн а, хӀаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дӀаделла шуна.

[5] Шун Везачу Дала Ша, шуна хьалхара дӀа а даьхна, дӀалохкур ду и къаьмнаш, церан латта шуна дӀадалархьама, шун Везачу Дала шуьга ма-аллара.

[6] Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь дерг дерриг а, цунна тӀера цхьа гӀулч дӀаса а ца довлуш.

[7] Шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цӀарах чӀагӀонаш а ма е, царна гӀуллакх а, Ӏибадат а ма де.

[8] Шайн Везачу Далла тешаме хила, хӀинццалц шаьш ма-хиллара.

[9] Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дӀалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац.

[10] Шух цхьаммо эзар стаг дӀаэккхаво, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тӀом беш, Ша шуьга ма-аллара.

[11] Цундела, хьовсалаш, везалаш шайн Веза Дела.

[12] Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь,

[13] хаалаш: шун Везачу Дала дӀалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пӀендаршна тӀе шед а, бӀаьргашна чу баӀ а хилла дӀахӀуьттур ду. Эххар а шу тӀепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тӀера.

[14] Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хӀинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваӀданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш!

[15] Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваӀда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТӀаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера Цо тӀепаза дойур ду шу.

[16] Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тӀебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Ӏибадат дахь, Везачу Элан оьгӀазалла юссур ю шуна тӀе. ТӀаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера сихха дӀадевр ду шу».

ЮшаӀан тептар — Chapters