[1] ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзича, Везачу Эло элира цуьнга: «Хьо, къан а велла, хене вирзина, ткъа дола даха дезаш хӀинца а дуккха а латтанаш ду.
[2] Дуьсуш хӀара латтанаш ду: ПӀелаштаман а, Гешуран а ши мохк.
[3] Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Ӏекхран-гӀалина тӀекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаӀанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогӀу пӀелаштамхойн пхеа урхалчин гӀаланаш: Ӏази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Ӏекхран а. Ӏаваймхойн къомана тӀехь а толам баккха безаш бу.
[4] Къилбехь долу дерриг а канаӀанхойн латта схьадаккха дезаш ду, цӀаданхойн долахь йолчу МеӀари-гӀали тӀера Апакх-гӀалина, эмархойн дозанна, тӀекхаччалц.
[5] Ткъа иштта схьадаккхаза ду гебалхойн латта а, малхбалехьа болу берриг а Ливанун-мохк а, Хьермон-ломан къилбаседехь йолчу БаӀал-Гадана тӀера Хьамат-Ӏинна тӀекхаччалц болу.
[6] Ливанун-махка тӀера Мисрепат-Маймална тӀекхаччалц лаьмнашкахь Ӏаш болу цӀаданхой исраилхошна хьалхара дӀалохкур бу Аса. И латта исраилхошна юкъахь, дакъош а деш, декъа, Аса хьайна тӀе-ма-диллара.
[7] Исс тайпанна а, Маннашан ах тайпанна а юкъахь гуттаренна а дӀасадекъа иза».
[8] Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаша а, Маннашан ах тӀаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера.
[9] Арнон-тогӀина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера цу тогӀина чохь йолчу гӀалина тӀекхаччалц долу латта а, Мейдебана тӀера Дибонна тӀекхаччалц йолу шера аре а церан яра.
[10] Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гӀаланаш а царна дӀаеллера. Хьешбон-гӀалахь паччахьалла деш Ӏийнера Сихьон, цуьнан латта Ӏамминхойн дозанна тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара.
[11] Цул сов, ГалӀад-мохк а, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гӀалина тӀекхаччалц болу Башан-мохк а,
[12] Башан-махкахь йолчу Ӏаштаратехь а, ЭдреӀехь а паччахьалла динчу ӀовгӀин дерриг латта а дӀаделлера царна. Мусас хӀаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тӀаьххьара виснарг вара иза.
[13] Амма исраилхоша Гешур а, МаӀха а мехкашкара бахархой дӀа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Ӏаш бу уьш.
[14] Левин тӀаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагӀанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара.
[15] Раабанан тайпанах долчу хӀора гаранна латта делира Мусас:
[16] Арнон-тогӀина йистехь йолу ӀаруӀер-гӀала а, цу тогӀина чохь йолу гӀала а, Мейдебана уллора ерриг шера аре а,
[17] Хьешбон а, шерачу арахь йолу ерриг цуьнан гӀаланаш а: Дибон а, Бамот-БаӀал а, Байт-БаӀал-МеӀон а,
[18] ЯхӀац а, Кхадимут а, МейпаӀат а,
[19] Кхиръятим а, Сибма а, тогӀи чуьра гу тӀехь йолу Царати-Шахьар а,
[20] Байт-ПаӀар а, Пасга-ломан басенаш а, Байт-Яшимут а.
[21] Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гӀаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хӀаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаӀ а. Цу махкахь Ӏийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш.
[22] Исраилхоша байинчарна юкъахь БеӀаран кӀант, пал тосуш волу БалиӀам, вара.
[23] Йордан-хица дара Раабанан тайпанан декъан доза. Цу тайпанах долчу гаранашна дӀаелла гӀаланаш а, цаьрца йолу ярташ а яра уьш.
[24] Иштта Гадин тайпанах долчу хӀора гаранна а латта делира Мусас.
[25] Церан долахь яра ЯӀзир-гӀала а, ГалӀад-махкара массо а гӀала а, Рабба-гӀалина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀекхаччалц долу Ӏамминхойн ах латта а,
[26] Хьешбонна тӀера Рамат-МицӀпина а, Бетанаймна а тӀекхаччалц а, Махьанаймна тӀера Дибаран дозанна тӀекхаччалц а долу латтанаш.
[27] Йордан-тогӀи чохь йолу гӀаланаш: Байт-ХӀарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогӀин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Ӏомана тӀекхаччалц долу).
[28] Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Гадин тайпанах долчу гаранашна. Схьадаьккхинчу лаьтта тӀера церан дакъош дара уьш.
[29] Маннашан эха тайпанах долчу гаранашна а деллера Мусас латта.
[30] Церан дакъа дара: Махьанайм-гӀали тӀера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ӀовгӀин дерриг а латта, шена чуйогӀуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш.
[31] Ткъа ах ГалӀад-мохк а, Башанан паччахь ӀовгӀа чохь Ӏийна Ӏаштарат а, ЭдреӀи а гӀаланаш а Маннашан кӀентан Макиран кӀенташна дӀаеллера. Макиран кӀентех шайн гаранашца эханна кхаьчнера уьш.
[32] Ерихонна малхбалехьа, Йорданан тогӀи чуьра муабахойн аренашкара дерриг а латта дара Мусас царна делларг.
[33] Левин тӀаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара.