[1] Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тӀера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тӀера, яьссачу арахула дӀа а доьдий, шайна тӀехь Бетал-гӀала йолчу гунаш тӀе кхочура иза.
[2] Бетална тӀера Луз-гӀалина тӀе а доьдий, цигара дӀа Ӏаьркхахойн лаьтта тӀехула чекх а долий, Ӏатрут-гӀала кхочура иза.
[3] Цул тӀаьхьа малхбузехьа яплатихойн лаьтта тӀекхаччалц дӀадоьдура иза, цигара, Лахарчу Байт-Хьоронна тӀе а доьдий, ГӀазар-гӀалина тӀе кхочура. Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолура и доза.
[4] Иштта дара Юсупан шина кӀентан, Маннашан а, Эпрайман а, дакъош.
[5] Шайн гаранашкахь Эпрайман тайпанан дакъа иштта дара: церан доза малхбалехь Ӏатрут-Адар-гӀалина тӀера Лакхарчу Байт-Хьоронна тӀекхаччалц дара.
[6] Цигара дӀа доза хӀорда тӀе доьдура, Михметатна къилбаседехьарчу агӀор а долий. Юха, Таанат-Шилун гӀалин малхбалерчу агӀор дӀа а доьрзий, цунах тӀехдолура иза. Ткъа Янохь-гӀалина а малхбалехь йолчу агӀонгахула дӀадоьдура доза.
[7] Янохьана тӀера, Ӏатрут а, НаӀран а гӀаланашка чу а дуссий, Ерихонна тӀекхочура иза, цигара дӀадахча, Йордан-хина тӀехь соцура.
[8] Тапухьа-гӀалина тӀера малхбузехьа Кхана-хина тӀе а доьдий, хӀорда тӀехь чекхдолура доза. Иштта дара Эпрайман тайпанан гаранашна делла долу дакъа.
[9] Эпрайман тайпанна елла шайн ярташца йолу гӀаланаш Маннашан тайпанан лаьттан декъа тӀехь яра.
[10] Амма Эпрайман тайпанах болчу наха ГӀазар-гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой дӀа ца лаьхкира, таханлерчу дийне кхаччалц эпраймхошна юкъахь бехаш бу уьш, леш санна царна белхаш а беш.