[1] Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гӀалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гӀалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гӀалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а,
[2] къилбаседехьа лаьмнаш тӀехь Ӏаш болчу паччахьашна а, Ӏариба-тогӀи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агӀор Ӏаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Ӏаш болчу паччахьашна а тӀе.
[3] Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Ӏаш болчу канаӀанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тӀехь Ӏаш болчу явсайхошна а, МицӀпа-кӀоштара Хьермон-ломан когашкахь Ӏаш болчу хьаьвихошна а тӀе бахийтира цо шен нах.
[4] И паччахьаш а, церан эскарш а тӀамана арадевлира. ХӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гӀудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха.
[5] Шайн эскарш вовшах а тоьхна, Мером-хина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра цу паччахьаша, исраилхошца тӀом бархьама.
[6] Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, кхана хӀоккху хенахь исраилхошка хӀаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гӀудалкхаш а ягае».
[7] ЮшаӀ а, цуьнан массо а тӀемало а, цӀеххьана Мером-хина йисте схьа а веана, тӀелетира царна.
[8] Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагӀий. Исраилхоша хӀаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦӀаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицӀпа-тогӀина а тӀекхаччалц дӀабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша.
[9] Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаӀа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гӀудалкхаш а ягийра.
[10] Цул тӀаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаӀа. (Хьалха Хьацор-гӀала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гӀала хилла.)
[11] Цу гӀалахь мел верг туьра кӀел вахийтира цо, цхьа а стаг дийна ца вуьтуш. Хьацор а, ягийна, дӀаяьккхира.
[12] Ерриг и гӀаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаӀа, Везачу Элан ялхочо Мусас тӀе-ма-диллара.
[13] Амма лаьттах йинчу лакхенашкахь йолу ерриг а гӀаланаш яга ца йира исраилхоша, ЮшаӀа ягийна йолу цхьа Хьацор йоцург.
[14] Цу гӀаланашкахь караеана йолу ерриг хӀонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хӀаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш.
[15] Везачу Эло Шен ялхочунна Мусана тӀе-ма-диллара, Мусас а ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг. ЮшаӀа и дерриг а кхочушдира: Везачу Эло Мусана тӀедиллинчух хӀумма а кхочушдаза ца дитира цо.
[16] Иштта ЮшаӀа схьадаьхна долу латтанаш хӀорш дара: акъарехь а, ерриг а НегӀаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГӀашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а,
[17] СеӀирна тӀекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогӀи чуьра БаӀал-Гадана тӀекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хӀаллакбира цо.
[18] Дуккха а хенахь цу паччахьашца тӀом бинера ЮшаӀа.
[19] Исраилхошца машар бина цхьа а гӀала яцара, шена чохь хьаьвихой Ӏаш болу ГавӀон йоцург. Ерриш а тӀамца схьаяьхна яра уьш.
[20] Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш.
[21] Цу хенахь акъареш тӀехь Ӏаш болу Ӏаьнакхахой хӀаллакбира ЮшаӀа: Хьеврон-гӀалина уллохь а, Дибар-гӀалина уллохь а, Ӏанаб-гӀалина уллохь а, ЯхӀудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тӀехь а. Церан гӀаланашца уьш берриш а хӀаллакбира цо.
[22] Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен.
[23] Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа. Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.