[1] Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тӀехьовсурш а Шехем-гӀалахь гулбира ЮшаӀа. Уьш берриш а Далла хьалха хӀиттира.
[2] Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «Везачу Эло, исраилхойн Дала, иштта боху: „Эпрат-хил дехьа дукха хенахь дуьйна Ӏийна шун дай. ИбрахӀиман а, Нахьиран а да ТӀахьир а Ӏийна цигахь. Цара кхечу деланашна Ӏамал йора.
[3] Амма Ас шун да ИбрахӀим, хил сехьа а ваьккхина, берриг а КанаӀан-махкахула чекхваьккхира. Цуьнан тӀаьхье а кхиийтира, цунна Исхьакх а велира,
[4] Исхьакхана Якъуб а, Ӏесав а велира. Ӏесавана СеӀир-лам белира тӀаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кӀентий а Мисар-махка дӀабахара.
[5] Ас Муса а, АхӀарон а вахийтира Мисара. Мисархошна тӀе дукха цамгарш хийцира Ас. Цул тӀаьхьа шу цигара арадехира.
[6] Шун дай, Мисар-махкара Ас арабаьхча, Эрзийн хӀорда тӀе баьхкира. Цу хенахь мисархой а шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, царна тӀаьхьабевлла, Эрзийн хӀорда тӀе кхечира.
[7] ТӀаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тӀе хӀорд а хецна, уьш хӀаллакбира. Шун бӀаьргашна гина Ас Мисарахь динарг. Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь.
[8] Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, Ӏаш болчу эмархойн лаьтта тӀе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дӀабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хӀаллакбира уьш шуна хьалха.
[9] Муабахойн паччахь, Ципуран кӀант Балакх, гӀаьттира тӀамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеӀаран кӀант БалиӀам валавайтира, цуьнга шуна неӀалт кхайкхадайта.
[10] Амма Суна ца лиира БалиӀаме ладогӀа, тӀаккха цо шу декъалдира. Иштта Ас Балакхах кӀелхьардехира шу.
[11] Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаӀанхой, хьетахой, гӀиргӀашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дӀабелира уьш.
[12] Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тӀе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Ӏедашца а дина дацара иза.
[13] Аш тӀехь къа ца хьегна латта делла Ас шуна, аш ца йина гӀаланаш елла, царна чохь Ӏаш ду шу хӀинца. Шаьш йийна йоцчу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмашкара стоьмаш боу аша“».
[14] КхидӀа ЮшаӀа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цӀена а, даггара а Цунна Ӏамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Ӏачу хенахь шайн дайша Ӏамал йина деланаш дӀа а тасий, Везачу Элана бен Ӏамал ма е.
[15] Нагахь санна Везачу Элана Ӏамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гӀуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Ӏаш болчу хенахь шайн дайша Ӏамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тӀехь Ӏаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цӀийно а Везачу Элана Ӏамал йийр ю».
[16] Халкъо жоп делира: «ХӀан-хӀа, оха Веза Эла дӀа а тесна, кхечу деланашна Ӏамал йийр яц!
[17] Веза Эла тхан Дела ву, Цо тхо а, тхан дай а Мисар-махкара, лоллехь болчуьра, арабаьхна. Цо инзаре хӀуманаш кхочушдина тхан бӀаьргашна хьалха, схьадогӀучу новкъахь тхо Ӏалаш а дина, царна юккъехула чекхдовлучу хенахь, массо а халкъах лар а дина.
[18] Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тӀехь Ӏийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дӀалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Ӏамал йийр ю Цунна, хӀунда аьлча Иза тхан Дела ву».
[19] ЮшаӀа элира халкъе: «Везачу Элана Ӏамал ялур яц шуьга, хӀунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а.
[20] Нагахь Веза Эла дӀа а тесна, хийрачу деланашна аш Ӏамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таӀзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хӀаллакдийр ду шу».
[21] Халкъо ЮшаӀе элира: «ХӀан-хӀа, оха Везачу Элана Ӏамал йийр ю».
[22] ЮшаӀа элира нахе: «Шу массо а теш ву, Веза Эла Цунна Ӏамал ян шайна хаьржина хиларх». Цара элира: «Ву! Тхох массо а теш ву!»
[23] «Делахь, шайн хӀинца болу хийра деланаш дӀа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тӀедерзаде», – элира ЮшаӀа.
[24] Халкъо элира ЮшаӀе: «Тхайн Везачу Далла Ӏамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугӀур ду оха».
[25] Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тӀедиллира ЮшаӀа.
[26] Дала тӀедиллинарг яздинчу тептар тӀе и дерриг а дӀаяздира ЮшаӀа. Юха боккха тӀулг, схьа а эцна, Везачу Элан цӀенна уллохь лаьттачу ножана кӀел охьабиллира цо.
[27] Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «ХӀара тӀулг вайн теш хир бу. Везачу Эло вайга аьлла дерриг а дешнаш кхунна хезна. Шуна дуьхьал а теш хуьлда и тӀулг, шайн Далла хьалха шуьга харцдерг ца дийцийта».
[28] Юха халкъ дӀадахийтира ЮшаӀа. Массо а шен-шен цӀа, шен декъа тӀе, дӀавахара.
[29] Цул тӀаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кӀант ЮшаӀ, кхелхира. Цуьнан бӀе итт шо дара.
[30] Шен лаьттан декъа тӀехь, ГаӀаш-ломана къилбаседехьа болчу Эпрайман лам тӀехь лаьттачу Тамнат-Серахь цӀе йолчу гӀалахь, дӀавоьллира иза.
[31] Исраилан халкъо ЮшаӀ дийна волчу хенахь Везачу Элана Ӏамал йора. ЮшаӀ кхелхича, цул тӀаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гӀуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Ӏамал.
[32] Шехемехь дӀайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьӀахкаш. Уьш дӀайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кӀенташкара Якъуба эцна яра, бӀе дато ахча а делла. Юсупан кӀенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа.
[33] АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар а кхелхира. Цуьнан кӀантана Пайнехьасана Эпраман лам тӀехь беллачу гу тӀехь дӀавоьллира иза.