Skip to content
Opens in a new window

[1] Йордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу:

[2] Хьешбонехь Ӏийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалӀад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Ӏамминхошца долу доза.

[3] Ткъа иштта цо паччахьалла деш Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Ӏома тӀера Дуьрачу хӀорда тӀекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тӀера къилбехьа Пасги-лома тӀекхаччалц а дара цуьнан латта.

[4] Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш.

[5] Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гӀала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тӀе кхаччалц болу ах ГалӀад-мохк а бара цуьнан.

[6] Везачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хӀаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенашна а, Маннашан ах тӀаьхьенна а шерет санна дӀаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш.

[7] ЮшаӀа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀера паччахьаш хӀаллакбира. Ливанун тогӀи чохь йолчу БаӀал-Гад-гӀалина тӀера СеӀирна уллохь болчу Хьалакх-лома тӀекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаӀа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дӀаделира уьш.

[8] Царна юкъадогӀуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегӀаб а. ЮшаӀа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Ӏаш бара хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.

[9] Исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш бара: Ерихонан паччахь, Бетал-гӀалина уллорачу ГӀай-гӀалин паччахь,

[10] Ярушалайман паччахь, Хьевронан паччахь,

[11] Ярмутан паччахь, Лахишан паччахь,

[12] ӀегӀлонан паччахь, ГӀазаран паччахь,

[13] Дибаран паччахь, Гадиран паччахь,

[14] Хьормин паччахь, Ӏародан паччахь,

[15] Либнин паччахь, Ӏадуламан паччахь,

[16] Макхедан паччахь, Беталан паччахь,

[17] Тапухьин паччахь, Хьепаран паччахь,

[18] Апакхан паччахь, Лашаронан паччахь,

[19] Мадонан паччахь, Хьацоран паччахь,

[20] Шимрон-Мерионан паччахь, Ахишапан паччахь,

[21] ТаӀнакан паччахь, МагӀиддан паччахь,

[22] Кхедашан паччахь, Кармална уллохь йолчу ЯкхнаӀаман паччахь,

[23] Напат-Дор волчохь волу Доран паччахь, Галгаларчу Гойиман паччахь,

[24] Тирцин паччахь. Верриг а паччахь ткъе цхьайтта вара.

ЮшаӀан тептар — Chapters