Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло ЮшаӀе элира:

[2] «ДӀаала исраилхошка: „Стагана дӀалачкъа гӀаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара.

[3] Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дӀалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дӀадовда а, бекхам лоьхучух цу гӀалахь дӀалачкъа а.

[4] Ишттачу гӀала ведда веанарг, гӀалин кевне а хӀоьттина, цигарчу къаношка шена хилларг дӀадийца дезаш ву. Цара, шайн гӀалахь тӀе а лаьцна, ваха меттиг лур ю цунна.

[5] Иза вен дагахь бекхам лоьхург тӀаьхьаваьлча, тхьамданаша дӀалур вац ведда веанарг, хӀунда аьлча цо ларамаза вийна уллораниг. Селхана а, стомара а вийначуьнга цабезам ца хилла цуьнан.

[6] Кху гӀалахь Ӏийр ву иза, ша халкъана хьалха кхеле хӀотталц, цу заманахь волу динан коьрта да валлалц. Цул тӀаьхьа стаг вийнарг шен гӀала а, шен цӀийне а юхаверза йиш йолуш хир ву“».

[7] Галилай-махкахь Напталан гунаш тӀехь йолу Кхедаш-гӀала а, Эпрайман лам тӀера Шехем-гӀала а, ЯхӀудан гунаш тӀера Кхиръят-АрбаӀ а (кхечу тайпана Хьеврон) дӀакъастийра.

[8] Йордан-хил дехьа, Ерихон-гӀалина дуьхьал, малхбалехьа цара дӀакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гӀала, Гадин тайпанах ГалӀад-махкахь Рамат-гӀала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гӀала.

[9] И гӀаланаш берриг а исраилхошна а, уьш болчохь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а лерина яра, ларамаза стаг вийнарг, халкъана хьалха кхеле хӀотталц, дӀалачкъархьама, бекхам бан гӀерташ болчу мостагӀаша иза веле.

ЮшаӀан тептар — Chapters