Skip to content
Opens in a new window

[1] ЯхӀудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тӀехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра.

[2] Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехь болчу берда тӀехула долалуш дара.

[3] Къилбехь Акхрабайм-Ӏинна тӀе а дахана, Цин цӀе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьӀа-гӀалин къилбехьарчу агӀонна тӀе а дахана, Хьацрани-гӀалех тӀех а даьлла, цигара дӀа Адар-гӀала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаӀ-гӀала йолчухьа дӀахьаьвзаш дара и доза.

[4] Цул тӀаьхьа, Ӏацмун-гӀаланах тӀех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхӀудан тӀаьхьенан къилбехь долу доза.

[5] Малхбалехь доза Дуьрачу хӀордаца дара, Йордан-хи цунах дӀакхетачу метте кхаччалц. Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хӀордах кхетачохь долалуш дара.

[6] Цул тӀаьхьа Байт-ХьагӀла-гӀалина тӀе а дахана, юха Байт-Ӏариба-гӀалин къилбаседехьарчу агӀонна уллохула доьдура иза. КхидӀа БохӀанан тӀулга тӀе доьдура иза. (БохӀан Раабанан кӀант хилла.)

[7] Цигара Ӏахур-тогӀи чухула Дибарна тӀе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гӀалина тӀе доьдура доза. Хинан къилбехьара агӀор йолчу Адуммим-Ӏинна дуьхьал лаьтташ яра и гӀала. КхидӀа, Ӏейн-Шемешан хиш тӀе дӀа а дахана, Ӏейн-РегӀалахь чекхдолуш дара иза.

[8] Цул тӀаьхьа, Бен-ХӀинам цӀе йолчу тогӀи чухула Явсай-гӀалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агӀорахула дӀа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХӀинаман тогӀина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогӀин йистехь къилбаседехьа а бара.

[9] Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тӀедоьрзуш дара, ткъа цигара Ӏепрон-лома тӀерачу гӀаланаш тӀе доьдура. Юха БаӀала-гӀалина тӀедоьрзура иза (тахана цу гӀалин цӀе Кхиръят-ЯӀарим ю).

[10] БаӀалина тӀера хӀорда тӀе а доьрзий, цигара СеӀир-лам тӀе доьдура доза. Цул тӀаьхьа ЯӀарайм-ломан (хӀинца цунах Кесалун олу) къилбаседехьа йолчу агӀор дӀа а доьдий, Байт-Шамаш-гӀала йолчу чу а дуссий, Тамна-гӀалахула чекхдолура.

[11] Цигара дӀа, Ӏекхран-гӀалин къилбаседехьарчу агӀор а долий, Шикрон-гӀалина тӀедоьдура доза. Юха, БаӀала-лома тӀехула а долий, Ябниал-гӀала кхочура. Цуьнан чаккхе Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь яра.

[12] Цу хӀордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агӀор иштта доза дара ЯхӀудан тайпанах болчу нехан.

[13] Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, Епунин кӀантана Килабана ЯхӀудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаӀа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаӀ яра, хӀинца шех Хьеврон-гӀала олуш йолу. (АрбаӀ Ӏаьнакхан да хилла.)

[14] Килаба цигара Ӏаьнакхан тӀаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цӀийнах болу нах бара.

[15] Кхузара дӀа Дибар-гӀалин бахархошна тӀелетира иза. (Цу гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар яра.)

[16] Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тӀе а летта, и гӀала схьаяьккхинчу стаге сайн йоӀ Ӏахисат маре йохуьйтур ю ас».

[17] Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниал схьаяьккхира и гӀала, тӀаккха цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре яхийтира Килаба.

[18] Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Ӏахисат вира тӀера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХӀумма а оьший хьуна?»

[19] ЙоӀа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТӀаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дӀаделира цунна.

[20] Иштта дара ЯхӀудан тайпанан шайн гаранашкахь долу дакъа:

[21] Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гӀаланаш: Къабциал, Ӏедар, ЯгӀур,

[22] Кхина, Димуна, Ӏадада,

[23] Кхедаш, Хьацор, Йитнан,

[24] Зип, Телам, БеӀалт,

[25] Хьацор-Хьадата, Кхиръют-Хьацрани я кхечу тайпана Хьацор,

[26] Амам, ШемаӀ, Мулада,

[27] Хьацар-Гада, Хьешмон, Байт-Палти,

[28] Хьацар-ШуӀал, Беар-ШабаӀ, Бизъют-ЯхӀу,

[29] БаӀала, Ӏияйм, Ӏацам,

[30] Элтолад, Кесал, Хьорма,

[31] ЦакхелагӀ, Мадмана, Сансана,

[32] Лебаот, Шелахьим, Ӏейн, Римун – ерриг а ткъе исс гӀала яра шайн ярташца.

[33] Цул сов, малхбалехь долчу лаьмнийн когашкахь а кхаьчнера царна гӀаланаш: Эштаул, ЦорӀа, Ашна,

[34] Занухь, Ӏейн-Ганим, Тапухьа, Ӏейнам,

[35] Ярмут, Ӏадулам, Соха, Ӏазекхи,

[36] ШаӀрайм, Ӏадитайм, Гадира (я Гадирутайм) – ейтта гӀала шайн ярташца.

[37] Ценан, Хьадаша, Мигдал-ГӀад,

[38] ДилӀан, МицӀпа, Якхтаал.

[39] Лахиш, Боцкхат, ӀегӀлон,

[40] Каббон, Лахьмас, Китлиш,

[41] Гадирут, Байт-ДагӀон, НаӀмат, Макхеда – ялхитта гӀала шайн ярташца.

[42] Либна, Ӏетар, Ӏашун,

[43] Йиптахь, Ашна, Нециб,

[44] КъаӀила, Ахзиб, Мареша – исс гӀала шайн ярташца.

[45] Ӏекхран, шеца кегийра гӀаланаш а, ярташ а йолуш,

[46] Ӏекхранна тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц болу мохк, цу чу йогӀуш Ашдод-гӀалина уллора гӀаланаш а, ярташ а йолуш.

[47] Ашдод, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а, Ӏази, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц а.

[48] Лаьмнаш тӀехь йолу гӀаланаш: Шамир, Итар, Соха,

[49] Данна, Кхиръят-Сана (я Дибар),

[50] Ӏанаб, ЭштамуӀ, Ӏаним,

[51] ГӀашан, Хьулон, Гило – цхьайтта гӀала шайн ярташца.

[52] Арба, Дума, Эшхьан,

[53] Янум, Байт-Тапухьа, Апекха,

[54] ХьумтӀа, Кхиръят-АрбаӀ (я Хьеврон), ЦиӀор – исс гӀала шайн ярташца.

[55] МаӀун, Кармал, Зип, ЮтӀа,

[56] ИзраӀал, ЯкхдеӀам, Занухь,

[57] Кхаим, ГебаӀ, Тамна – итт гӀала шайн ярташца.

[58] Хьалхьул, Байт-Цур, Гадур,

[59] МаӀарат, Байт-Ӏанот, Элтакхун – ялх гӀала шайн ярташца.

[60] Кхиръят-БаӀал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯӀарим), Рабба – ши гӀала шайн ярташца.

[61] Яьссачу арахь царна кхаьчна гӀаланаш: Байт-Ӏариба, Миддин, Секаха,

[62] Нибшан, Туьха-гӀала, Ӏейн-ГӀади – ялх гӀала шайн ярташца.

[63] Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхӀудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхӀудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Ӏаш бу Ярушалаймехь.

ЮшаӀан тептар — Chapters