[1] Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ас хьан кара дӀало Ерихон-гӀала шен паччахьца а, тӀемалошца а.
[2] Хьо а, хьан тӀемалой а, дийнахь цхьа го а боккхуш, ялх дийнахь гӀалина гонах лела.
[3] ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа дӀаяхьа еза дезачу тӀорказна хьалха. ВорхӀалгӀачу дийнахь аша гӀалина ворхӀ го баккха. Ткъа динан дайша, шаьш гӀалина гонах мел лела, маӀаш локхур ю.
[4] Локхучу маӀан деха аз шайна хезча, дерриге а халкъо чӀоггӀа мохь хьакха беза, тӀаккха гӀалина гонахара пен охьабужур бу. Цул тӀаьхьа шу массо а гӀали чу гӀур ду».
[5] Исраилхойн динан дайшка, тӀе а кхайкхина, Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ дӀахьо. ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа хьо, Везачу Элан тӀорказна хьалха а яккхий».
[6] Юха халкъе омра дира цо: «Даха а гӀой, гӀалина гобаккха. Герзашца дерш, Везачу Элан тӀорказна хьалха а довлий, дӀагӀо».
[7] ЮшаӀа халкъе иза ма-элли, Везачу Элана хьалха ворхӀ маӀа эцна воьдучу ворхӀ динан дас, хьалха дӀа а волавелла, маӀаш лекхира. Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ царна тӀаьххье дӀадаьхьира.
[8] Герзашца берш маӀаш лоькхуш богӀучу динан дайшна хьалхабевлла бара, кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Ерриг а цу хенахь лоькхуш маӀаш а яра.
[9] ЮшаӀа халкъе омра динера: «Маьхьарий а ма хьекха, шайн аз а ма хазийта. Багара цхьа дош а ма далийта, ас мохь тоха бакъо лур йолу де тӀекхаччалц, тӀаккха маьхьарий тухур ду аша».
[10] Иштта Везачу Элан тӀорказ, гӀалех цхьа го а боккхуш, дӀадаьхьира. Цул тӀаьхьа уьш, шайн меттамотт болчу юха а баьхкина, цигахь буьйса йоккхуш севцира.
[11] ШолгӀачу Ӏуьйранна ЮшаӀ хьалххе хьалагӀаьттира. Динан дайша Везачу Элан тӀорказ юха а дӀадаьхьира.
[12] Везачу Элан тӀорказна хьалха ворхӀ маӀа дӀахьош волу ворхӀ динан да, маӀаш а лоькхуш, дӀавоьдуш вара. Герзашца берш царна хьалхабевлла дӀабоьлхура, ткъа кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Массо а маӀа лоькхуш яра.
[13] Иштта шолгӀачу дийнахь а, гӀалина цхьа го а баьккхина, шайн меттамотт болчу юхабаьхкира уьш. Ялх дийнахь дира цара иза.
[14] ВорхӀалгӀачу дийнахь, маьлхан зӀаьнарш гучуйовлучу хенахь хьала а гӀевттина, гӀалина цу кеппара ворхӀ го баьккхира цара. Цу дийнахь бен ца баьккхира цара гӀалина ворхӀ го.
[15] Динан дайша ворхӀалгӀа а маӀаш лекхначул тӀаьхьа, ЮшаӀа халкъе омра дира: «Мохь тоха! Везачу Эло дӀаелла шуна гӀала!
[16] ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера.
[17] Амма аша цхьа а хӀума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хӀума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хӀаллакьхиллал зен дийр ду аша.
[18] Дерриг а дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш а дӀакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».
[19] Локхучу маӀийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чӀоггӀа мохь туьйхира – гӀалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гӀали чу бахара, цара схьаяьккхира иза.
[20] Шайн таррашца гӀали чохь дийна долу хӀума дерриг а хӀаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагӀий а, варраш а.
[21] Кху гӀалахь хӀун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаӀа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цӀа чу а гӀой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чӀагӀо йина ма-хиллара».
[22] ДӀаваханчу цу жимачу шина стага Рахьаб а, цуьнан да а, нана а, вежарий а, и йолчохь болу берриг а гергара нах а, ара а баьхна, исраилхойн меттаматтана улло дӀабигира.
[23] Юха гӀала а, цу чохь долу хӀума а цӀергахь дагийра. Дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Ӏамал ечу меттиган хазни чу ехкира.
[24] Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу.
[25] Цу хенахь ЮшаӀа, чӀагӀо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийнарг. Кху гӀалин бух боьттинчун хьалхара кӀант лийр ву. ГӀалин ков дӀахӀоттийнарг жимах волчу кӀантах вер ву».
[26] Веза Эла ЮшаӀаца вара. Берриг а махкахула гӀараваьллера ЮшаӀ.