Skip to content
Opens in a new window

[1] Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь.

[2] Исраилхойх лаьттан дакъа кхачаза кхин а ворхӀ тайпа дара.

[3] ЮшаӀа элира исраилхошка: «Кхин мел Ӏан дагахь ду шу, шун дайн Везачу Дала шайна делла латта схьа а ца оьцуш?

[4] ХӀора тайпанах кхоккха стаг схьакъаставе. Ас лаьтте хьовса а, цунах дерг дӀаяздан а бохуьйтур бу уьш. ХӀора тайпанна догӀучуьнга хьаьжжина, иза муха декъа деза дӀа а яздина, суна тӀе юхабогӀур бу уьш.

[5] Латта ворхӀ декъе декъа деза. ЯхӀудан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбехь Ӏийр ду, ткъа Юсупан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбаседехь Ӏийр ду.

[6] Лаьттан ворхӀ декъах яздинарг суна схьада. Аса вайн Везачу Далла хьалха шуна кхаж тосур бу.

[7] Левихошна шуна юкъахь дакъа хир дац, хӀунда аьлча Везачу Элана гӀуллакх дар ду церан дакъа. Ткъа Гадин а, Раабанан а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла дакъош Йордан-хин малхбалерчу агӀор схьаэцна».

[8] Хаьржина болу нах лаьтте хьовса бахара. Уьш дӀабахале, ЮшаӀа царна тӀедиллира: «Даха а гӀой, лаьтте а хьовсий, цунах дерг дӀа а яздай, суна тӀе юхадуьйла. Ас кхузахь, Шилунехь, Везачу Элана хьалха шуна кхаж тосур бу».

[9] Уьш, дӀа а бахана, цу лаьттахула чекхбевлира. Дерриг а цунах дерг а, ерриг а гӀала а тептар тӀехь ворхӀ декъехь дӀаязйира цара. Юха ЮшаӀ волчу Шилуне схьабаьхкира уьш.

[10] ЮшаӀа Шилунехь Везачу Элана хьалха кхаж тесира царна. Юха исраилхойн дисинчу хӀора тайпанна дӀадийкъира цо билгалдаьхна долу лаьттан дакъош.

[11] Хьалхара кхаж Бен-Яманан тайпанах долчу гаранашна белира. ЯхӀудан а, Юсупан а тайпанашна юккъехь Ӏуьллуш дара церан латта.

[12] Къилбаседерчу агӀор церан доза Йордан-хина тӀера долалуш дара. Ерихонна уллохула къилбаседехула чекх а долий, малхбузехьа а доьрзий, гунаш тӀе хьаладолура иза. Цигара дӀа Байт-Аван цӀе йолчу яьссачу аренга кхочура иза.

[13] Юха доза, Луз-гӀалин (кхечу кепара Беталан) къилбехь йолчу басенна тӀе а доьдий, цигара Ӏатрут-Адар-гӀала йолчу чу а дуссий, Лахарчу Байт-Хьорон-гӀалин къилбехьарчу агӀор лаьттачу лома тӀе доьдура.

[14] Цул тӀаьхьа, цу ломан малхбузерчу агӀонна тӀера къилбехьа дӀа а доьрзий, ЯхӀудан тайпанан йолчу Кхиръят-БаӀал-гӀалина (я кхечу кепара Кхиръят-ЯӀаримна) тӀедоьдура иза. Малхбузера доза иштта дара.

[15] Къилбера доза, Кхиръят-ЯӀаримна тӀера дӀа а долалой, Нептухь цӀе йолчу хьостана тӀе кхочура.

[16] Юха, ХӀинам-тогӀина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогӀи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гӀалин къилбехьарчу агӀор ХӀинам-тогӀи чу дуссура иза, цигара дӀа Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьостана тӀе доьдура.

[17] Цул тӀаьхьа, къилбаседехьа дӀа а доьрзий, Ӏейн-Шемешана тӀе а доьдий, цигара дӀа Адуммим-Ӏинна дуьхьал йолчу Галилутна тӀедоьдура доза. Цигара дӀа Раабанан кӀентан БохӀанан тӀулг болчу чудуссура иза.

[18] Юха, Ӏариба-тогӀина дуьхьал долчу гунийн къилбаседерчу агӀор дӀа а доьдий, тогӀи чу дуссура иза.

[19] Цул тӀаьхьа, Байт-ХьагӀла-ломан къилбаседерчу агӀор чекх а долий, Дуьрачу хӀордан къилбаседерчу берда йистехь чекхдолура доза, Йордан-хи хӀордах кхетачу меттехь. Иштта дара къилбера доза.

[20] Малхбалера доза хилла догӀуш Йордан-хи дара. Массо а агӀор долчу дозанашца иштта дара Бен-Яманан тайпанан лаьттан дакъа.

[21] Бен-Яманан тайпанан хӀара гӀаланаш яра: Ерихон, Байт-ХьагӀла, Ӏемакх-Кхациц,

[22] Байт-Ӏариба, ЦӀемарайм, Бетал,

[23] Ӏавайм, Пара, Ӏапру,

[24] Кепар-Ӏамуна, Ӏапни, ГибаӀ – шийтта гӀала шайн ярташца.

[25] ГавӀон, Рама, Баировт,

[26] МицӀпа, Капира, Моца,

[27] Рекхам, Йирпиал, Тар-Ала,

[28] ЦелаӀ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаӀ, Кхиръят-ЯӀарим – ейтта гӀала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош.

ЮшаӀан тептар — Chapters