[1] Левихойн тӀаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тӀе.
[2] КанаӀан-махкахь йолчу Шилун-гӀалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тӀедиллина, тхуна чохь Ӏан гӀаланаш а, даьхни лело цу гӀаланашна уллора аренаш а ло аьлла».
[3] Везачу Эло тӀе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гӀаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша.
[4] Хьалхара кхаж КхахӀатан тӀаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхӀаронан кӀенташна, кхойтта гӀала елира.
[5] Кхаж баларца КхахӀатан кхечу тӀаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гӀала кхечира.
[6] ГӀиршанан тӀаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цӀе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гӀала кхечира кхаж баларца.
[7] Мерарин тӀаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гӀала кхечира.
[8] Везачу Эло Мусагахула шайна тӀе-ма-диллара, и гӀаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дӀаелира исраилхоша.
[9] ЯхӀудан а, ШимӀин а тайпанаша левихошна еллачу гӀаланийн цӀераш иштта яра:
[10] КхахӀатан тӀаьхьенах болчу АхӀаронан кӀенташна а, Левин кӀенташна а, царна кхаж хьалха баларна,
[11] Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолу гӀала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Ӏаьнакхан ден АрбаӀан цӀарах яра и гӀала. Иза ЯхӀудан гу тӀехь яра, кхин цӀе а яра цуьнан – Хьеврон).
[12] Цу гӀалина уллора аре а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана елира.
[13] Иштта динан ден АхӀаронан кӀенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гӀала – Хьеврон а, гӀала Либна а, цу шина гӀалина уллора аренаш а.
[14] Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гӀала а, шен аренашца ЭштамуӀ-гӀала а,
[15] Хьулон-гӀала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гӀала а, цуьнан аренаш а,
[16] Ӏейн-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЮтӀа-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гӀала яра.
[17] Бен-Яманан тайпано елира гӀаланаш: ГавӀон а, цуьнан аренаш а, ГибаӀ а, цуьнан аренаш а,
[18] Ӏанатот-гӀала а, цуьнан аренаш а, Ӏалмун-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.
[19] АхӀаронан тӀаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонахара аренаш а яра.
[20] КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гӀаланаш.
[21] Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гӀала лурбоьлла нах шена чохь дӀаловчкъуш яра. Цул сов, ГӀазар-гӀала а, цуьнан аренаш а елира царна.
[22] Кхибцайм-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гӀала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гӀала яра уьш.
[23] Данан тайпано елира гӀаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а,
[24] Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елларг.
[25] Маннашан ах тайпано елира гӀаланаш: ТаӀнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гӀала яра.
[26] КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гӀала а, церан аренаш а яра.
[27] ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу левихошна елира хӀара гӀаланаш: Маннашан ах тӀаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гӀала а, цуьнан аренаш а. И гӀала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаӀаш-Тара-гӀала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гӀала.
[28] Иссарханан тайпано елира гӀаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а.
[29] Ярмут а, цуьнан аренаш а, Ӏейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала елира цара.
[30] Ашаран тайпано елира гӀаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Ӏабдани а, цуьнан аренаш а.
[31] Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елла.
[32] Напталан тайпано елира гӀаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гӀала елира цара.
[33] ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонах йолу аренаш а яра.
[34] Мерарин тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гӀаланаш. Забулан тайпано дӀакъастийра: ЯкхнаӀам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а,
[35] Димна а, цуьнан аренаш а, НахӀлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала.
[36] Раабанан тайпано елира Бацар-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯхӀац-гӀала а, цуьнан аренаш а,
[37] Кхадимут-гӀала а, цуьнан аренаш а, МейпаӀат-гӀала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.
[38] Гадин тайпанах болчу наха елира гӀаланаш: ГалӀад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дӀаловчкъу Рамат-гӀала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а.
[39] Кхин а елира Хьешбон-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯӀзир-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.
[40] Кхаж тасарца Мерарин тӀаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гӀала яра.
[41] Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархӀ гӀала а, царна гонахара аренаш а яра.
[42] Цу гӀаланашна гонах аренаш яра, хӀора гӀалин шен латта а долуш.
[43] Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чӀагӀо йина болу мохк исраилхошна дӀабелира. Иза схьа а эцна, цу тӀехь баха хевшира уьш.
[44] Массо а агӀор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагӀех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дӀабеллера мостагӀий.
[45] Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира