[1] Нунин кӀанта ЮшаӀа Шитим цӀе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гӀой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гӀаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цӀе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Ӏаш. Цуьнан цӀийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг.
[2] Цхьаммо Ерихонан паччахье элира: «Кху буса исраилхойх цхьа нах баьхкина вайн лаьттах дерг талла».
[3] ТӀаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу».
[4] Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву.
[5] Сарахь гӀалин ков дӀакъовлале, и шиъ дӀавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тӀаьхьагӀахь, шу тӀаьхьакхиа а мега царна».
[6] Ткъа ши исраилхо, нийсачу, тӀехь кхалор йоцчу тхов тӀе хьала а ваьккхина, охьадехкинчу втанан цӀевнаш юккъе дӀалачкъийнера цо.
[7] Паччахьан нах гӀалех арабевлира. Ков царна тӀаьххье сихха дӀакъевлира. Шина исраилхочунна тӀаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дӀабахара уьш.
[8] Ши исраилхо дӀавижале, зуда тхов тӀе хьалаелира и шиъ волчу.
[9] Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хӀара мохк шуна дӀабеллийла. Тхуна тӀе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду.
[10] Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догӀуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хӀордан хи дӀадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Ӏийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ӀовгӀа а аша хӀаллаквинийла а хезна тхуна.
[11] Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хӀунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву.
[12] Ткъа хӀинца Везачу Элах чӀагӀо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цӀийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна,
[13] сан да а, нана а, вежарий а, йижарий а церан мел верг а дийна а витина, аша тхан синош Ӏожаллех кӀелхьардохур ду алий».
[14] Шина стага элира зудчуьнга: «Оха арадаьккхина гӀуллакх аш дӀа ца дийцахь, шун метта вала а реза ву тхойшиъ. Везачу Эло тхуна хӀара мохк схьабелча, тхо хьоьца къинхетаме а, тешаме а хир ду».
[15] Цу зудчун цӀенош гӀалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира.
[16] Уьш чубиссале, цо элира цаьрга: «Малхбузехьа, лам тӀе, дӀагӀо, шайна тӀаьхьабевлларш тӀе ца кхачийта. Кхаа дийнахь Ӏе цигахь дӀаловчкъий, шу лоьхуш болу и нах юхабахккалц. Цул тӀаьхьа шайн новкъа дӀагӀор шу».
[17] Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чӀагӀонах тхо паргӀат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь:
[18] тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хӀара цӀен тӀийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а – хьайн ден берриг а доьзал хьо Ӏаш йолчу цӀа чу гулбе.
[19] Нагахь цӀа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цӀа чохь волчунна тӀе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цӀий тхох хьаьрчар ду.
[20] Нагахь ахь оха деана гӀуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чӀагӀонах тхо а паргӀат хир ду».
[21] Зудчо цаьрга элира: «Дерриг а аш ма-бохху хуьлийла!» Ши исраилхо дӀа а хьажийна, корах цӀен тӀийраг йихкира цо.
[22] Лам тӀе а веана, цигахь кхаа дийнахь Ӏийра и ши стаг. Массо а новкъахь лехча, хӀара шиъ кара а ца вина, юхабаьхкира паччахьан нах.
[23] Лам тӀера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кӀантана ЮшаӀана тӀевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо.
[24] Цара элира ЮшаӀе: «Везачу Эло дерриг а хӀара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу».