[1] Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТӀом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГӀай-гӀалина тӀелата. ГӀай-гӀалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀала а, латта а хьан кара дӀало Ас.
[2] ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а айхьа Ерихонна а, цуьнан паччахьна а диннарг де, амма цуьнгара а, гӀалин бахархошкара а схьаяьхна хӀуманаш а, церан даьхни а шайна юкъахь дӀасадекъа. ГӀалин тӀехьа агӀор кӀело а е».
[3] ЮшаӀ а, берриг а исраилхойн тӀемалой а ГӀай-гӀалина тӀелата кечбелира. Ткъе итт эзар дикаха къонах а хаьржина, буьйсанна уьш дӀахьовсийра ЮшаӀа,
[4] цаьрга омра а дина: «Хьовсалаш, шу гӀалина тӀехьа агӀор кӀело йина хир ду, амма гӀалина гена а ма довла, массо а тӀелата кийча а хила.
[5] Со а, соьца волу массо тӀемало а гӀалина тӀелетар ву. Хьалха санна, ГӀай-гӀалин божарий тхуна дуьхьалбевлча, тхо царах довдур ду.
[6] Тхаьшна тӀаьхьабаьхна, гӀала йолчуьра оха дӀабуьгур бу уьш. „Хьалха санна, вайх бевдда уьш“, – эр ду цара. Тхо царах девдча,
[7] шаьш кӀело йиначуьра схьа а довлий, гӀала дӀалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза.
[8] Шаьш гӀала дӀалаьцча, сийна цӀе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тӀедуьллу шуна иза».
[9] Иштта, ЮшаӀа дӀа а бахийтина, ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор, Бетална а, ГӀайна а юккъехь, кӀело йира исраилхоша. ЮшаӀ цу буса халкъана юкъахь дӀавижира.
[10] Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, тӀемалошка хьожуш чекхвелира ЮшаӀ. Иза а, исраилхойн къаной а, халкъана хьалха а бевлла, ГӀай-гӀалина тӀебахара.
[11] ТӀемалой, ЮшаӀаца дӀа а бахана, гӀалина гергахьа баьхкира. ГӀай-гӀалин къилбаседехьа йолчу агӀор меттамотт хӀоттийра ЮшаӀа. ГӀалина а, меттаматтана а юккъехь тогӀи яра.
[12] Хьалххе пхи эзар стаг Бетална а, ГӀай-гӀалина а юккъехь кӀелоне ховшийнера цо. Уьш ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор бара.
[13] ТӀемалоша шайн меттигаш дӀалаьцнера: гӀалина къилбаседерчу агӀор хӀоттийна меттамотт болчохь а, гӀалина малхбузерчу агӀор кӀело йиначохь а. Цу буса тогӀи чу веара ЮшаӀ.
[14] И дерриг шена гича, ГӀай-гӀалин паччахь, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀаларчу божаршца исраилхошна дуьхьал тӀаме аравелира. Иза а, цуьнан эскар а Ӏариба-тогӀина уллохь йолчу хьалхалерчу метте деара. ГӀалина тӀехьа кӀело йинийла ца хаьара паччахьна.
[15] ЮшаӀ а, исраилхой а, цара шаьш эшийча санна, яьсса аре йолчухьа дӀабевдира.
[16] ГӀалахь болчу массо а божаршка схьакхайкхинера, исраилхошна тӀаьхьадовла аьлла. ЮшаӀана тӀаьхьауьдуш, гӀалина генабевлира уьш.
[17] ГӀай-гӀалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тӀаьхьавалаза. Шайн гӀала схьайиллина йитира цара, мостагӀашна тӀаьхьа а бевлла.
[18] ТӀаккха Везачу Эло элира ЮшаӀе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГӀай-гӀалина тӀехьажабе, Ас хьан кара дӀало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гӀалина тӀехьажийра ЮшаӀа.
[19] Цо куьг хьала-ма-айи, кӀелонехь Ӏаш болу исраилхой, сихонца хьала а лилхина, гӀалехьа дӀахьаьвдира. ГӀала схьа а лаьцна, цунах цӀе тесира цара.
[20] Юхахьаьвсинчу ГӀай-гӀалин божаршна шайн гӀалина тӀера стигала кхаччалц хьалаоьху кӀур гира. ХӀинца цхьанхьа а бовда меттиг яцара церан – я хьалха а, я тӀехьа а, хӀунда аьлча яьссачу арене бевдда боьлху исраилхой, юха а бирзина, царна тӀелетира.
[21] ЮшаӀ а, берриг исраилхой а, кӀело йиначара гӀала дӀалацар а, стигала хьалаоьху кӀур а гина, юха а бирзина, ГӀай-гӀалин божарий хӀаллакбан буьйлабелира.
[22] ГӀалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агӀор болчу шайн мостагӀашна юккъехь бисира ГӀай-гӀалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хӀаллакбира исраилхоша.
[23] Ткъа ГӀай-гӀалин паччахь, схьа а лаьцна, вен ца вуьш, ЮшаӀана тӀе валийра.
[24] ГӀай-гӀалин божаршна тӀаьхьа а бевлла, яьссачу арахь, царах цхьа а дийна ца вуьтуш, шаьш уьш массо а вийча, исраилхой гӀали чу юхабирзира. Цу чохь мел долу адам а дийра цара.
[25] Цу дийнахь вийна верриг а ГӀай-гӀалин вахархо шийтта эзар вара – боьрша нах а, зударий а.
[26] Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаӀа, ГӀай-гӀалин массо а вахархо хӀаллакваллалц.
[27] Даьхни а, гӀали чуьра схьаэцна хӀонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаӀана тӀе-ма-диллара.
[28] ГӀай-гӀала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаӀа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Ӏуьллуш ю и гӀала.
[29] ГӀай-гӀалин паччахь, дитта тӀе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаӀа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тӀера охьа а даккхийтина, гӀалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тӀаьхьа, докъана тӀе тӀулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хӀинца а йолуш ю.
[30] Юха исраилхойн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира ЮшаӀа Ӏейбал-лам тӀехь.
[31] Везачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тӀе-ма-диллара, товрат-хьехам тӀехь болчу шен тептар тӀехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гӀирсаца кегдазчу тӀулгех йина а йолуш. Цу тӀехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.
[32] Мусан товрат-хьехамна тӀера дешнаш яздира ЮшаӀа цу тӀулгаш тӀехь исраилхошна хьалха.
[33] Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна шина агӀор динан дай болчу, тӀорказ лелочу левихошна дуьхьал дӀахӀиттира. Царна юкъахь тӀебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Ӏейбал-ломана дуьхьал дӀахӀоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тӀе-ма-диллара.
[34] Юха ЮшаӀа дӀадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неӀалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тӀехь иза яздина ма-хиллара.
[35] Дерриге а Мусас тӀедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаӀа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а бара.