[1] ШолгӀачу Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а Шитим цӀе йолчу меттера Йордан-хи тӀе баьхкира. Цигахь меттамотт а хӀоттийна, севцира уьш, хих дехьадовла деза хан тӀекхаччалц.
[2] Кхо де даьлча, нахана тӀехь хӀиттийна хьаькамаш буьйлабелира халкъана юккъехула.
[3] Цара массаьрга а омра дира: «Шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказ а, иза дӀахьош болу левихойн динан дай а шайна гахь, хьала а гӀовттий, царна тӀаьххье дӀагӀо.
[4] Амма шуна а, тӀорказна а юккъехь йолу меттиг цхьа эзар гӀулч барам болуш хила еза. Цунна улло ма гӀо, шайна тӀаьхьадаха некъ хаийтархьама, хӀунда аьлча кху новкъахула шу кхул хьалха даьхкина дац».
[5] ЮшаӀа халкъе элира: «ЦӀин а лой, кечам бе, кхана Везачу Эло шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш гойтур ду».
[6] Динан дайшка ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тӀорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира.
[7] ТӀаккха Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Таханлерчу дийнахь дуьйна исраилхошна хьалха хьо вазван волалур ву Со, Мусаца санна, хьоьца а Со вуйла царна хаийта.
[8] Ахь тӀорказ эцна боьлхучу динан дайшка омра де, шаьш Йордан-хи чу ма-девлли, совца алий».
[9] ЮшаӀа элира исраилхошка: «ТӀе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогӀа.
[10] Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаӀанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гӀиргӀашахой а, эмархой а, явсайхой а.
[11] Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду.
[12] Шийтта стаг харжа шайна, исраилхойн хӀора тайпанах цхьацца.
[13] Дуьненан Да волчу Везачу Элан тӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТӀедогӀуш долу хи, пен а хилла, дӀахӀуттур ду».
[14] Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дӀадоладелча, динан дайша бартбаран тӀорказ, нахана хьалха а даьккхина, дӀадаьхьира. Халкъ царна тӀаьххье дӀадахара.
[15] ТӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кӀа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу),
[16] лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара.
[17] Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дахьаш богӀу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тӀехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тӀехула Йорданах дехьабовллалц.