[1] Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаӀе элира:
[2] «Шийтта стаг схьахаржа нахана юкъара, хӀора тайпанах цхьацца.
[3] Царна тӀедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тӀулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дӀа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тӀулгаш».
[4] Исраилхойн хӀора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тӀекхайкхира ЮшаӀа.
[5] Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тӀорказна хьалха, довла. ХӀораммо а цигара шайн белшаш тӀе цхьацца тӀулг схьаэца. ХӀора тайпанна цхьацца хир бу уьш.
[6] И тӀулгаш шайна билгалонна дита. ТӀейогӀучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Ӏалашдо аш и тӀулгаш?“ – аьлла.
[7] Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Ӏалашдо. ТӀорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхошна и хӀума дагахь латтор ду цу тӀулгаша“».
[8] ЮшаӀа шайна тӀе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаӀе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тӀулг, исраилхойн хӀора тайпанан цӀарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дӀа а баьхьна, охьабиллира цара.
[9] Бартбаран тӀорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тӀулг хӀоттийра ЮшаӀа. И тӀулгаш хӀинца а ду цигахь.
[10] Везачу Эло ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг халкъе дӀаалар, Мусас ЮшаӀе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тӀорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира. Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара.
[11] Нах дехьабевллачул тӀаьхьа, Везачу Элан тӀорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дӀадаьхьира динан дайша.
[12] Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаш а, Маннашан тӀаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тӀе-ма-диллара.
[13] ТӀамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тӀом бан вахара.
[14] Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаӀан сий хьалаайира. Цул тӀаьхьа, Муса санна, ЮшаӀ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц.
[15] Везачу Эло ЮшаӀе элира:
[16] «Бартбаран тӀорказ эцна богӀучу динан дайшка, Йордан чуьра схьабовла алий, омра де».
[17] ЮшаӀа динан дайшка омра дира: «Йордан чуьра схьадовла!» – аьлла.
[18] Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ эцна богӀу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тӀе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тӀехула а долуш.
[19] Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ.
[20] Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тӀулг цигахь дӀахӀоттийра ЮшаӀа.
[21] Цо элира исраилхошка: «ТӀейогӀучу хенахь шайн бераша шайга хаттахь: „ХӀорш хӀун тӀулгаш ду?“ – аьлла,
[22] аш цаьрга ала: „Исраилхой Йордан-хих декъачу лаьтта тӀехула дехьабовлар дагахь латтадойту цара“.
[23] Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хӀордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дӀа а лакъийна.
[24] Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама».