[1] ЮшаӀа, ГӀай-гӀала схьа а яьккхина, иза йохийна, Ерихон-гӀалина а, цуьнан паччахьна а диннарг ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а дина аьлла, хезира Ярушалайман паччахьна Адани-Цадакхна. Иштта цунна хезира, ГавӀонан бахархой, исраилхошца барт а бина, царна юкъахь Ӏаш бу аьлла.
[2] Иза хезча, паччахь чӀогӀа кхеравелира, хӀунда аьлча шена тӀехь паччахьо куьйгалла деш йолу муьлхха а гӀала санна, ГавӀон йоккха гӀала яра. Иза ГӀай-гӀаланал а йоккха яра, цуьнан бахархой майра нах а бара.
[3] Цундела Ярушалайман паччахьо Адани-Цадакха Хьевронан паччахь ХӀохӀам волчу а, Ярмутан паччахь Париам волчу а, Лахишан паччахь ЯпияӀ волчу а, ӀегӀлонан паччахь Дибар волчу а хьадалчаш бахийтира хабар эцна:
[4] «Со волчу а дуьйлий, ГавӀон-гӀала хӀаллакьян гӀо де суна, цо ЮшаӀаца а, исраилхошца а барт барна».
[5] Вовшах а кхетта, эмархойн пхи паччахь: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш а, церан эскарш а, меттамотт дӀа а хӀоттийна, ГавӀон-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом бан кечбелира.
[6] ГавӀонан бахархоша исраилхойн меттамотт лаьттачу метте, Галгала, ЮшаӀ волчу хьадалчаш бахийтира цуьнга ала: «Хьайн леш дӀа ма тасахьара ахь! Тхо долчу сихха схьа а волий, тхо кӀелхьардахахьа! ГӀо дехьа тхуна! Гунаш долчуьра эмархойн массо а паччахь ву тхуна тӀелата кечвелла!»
[7] ЮшаӀ а, цуьнца дерриг эскар а, шайна юккъехь уггар майра тӀемалой а болуш, Галгалара аравелира.
[8] Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дӀабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а».
[9] Буьйсанна сахиллалц Галгалара схьаихна волу ЮшаӀ цӀеххьана тӀелетира эмархошна.
[10] Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавӀонехь дукха мостагӀий хӀаллакбира. Юха, царна тӀаьхьабевлла, Байт-Хьорон цӀе йолчу лам тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш. Ӏазекхи а, Макхеда а цӀераш йолчу меттигашка кхаччалц, хӀаллакбеш, дӀабигира цара эмархой.
[11] Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тӀера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тӀе, Ӏазекхи уьш дӀакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал.
[12] Цу дийнахь ЮшаӀ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавӀонехь Везачу Эло цаьрга уьш хӀаллакбайтина де дара иза. ЮшаӀа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавӀонана тӀехула сацалахь, бутт – Айлон-тогӀи тӀехула!»
[13] Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагӀашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тӀехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дӀабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»?
[14] Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгӀна де я хьалха а, я цул тӀаьхьа а хилла дацара, хӀунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тӀом беш вара.
[15] Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, исраилхойн берриг а тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.
[16] И пхи паччахь, вада а ведда, Макхедехь йолчу хьеха чохь къайлаваьллера.
[17] ЮшаӀе хаам кхечира: «Пхи паччахь карийна, уьш Макхедехь йолчу хьеха чохь дӀалевчкъина бу», – аьлла.
[18] Цо элира: «Хьехан берте даккхий тӀулгаш тӀе а карчадай, и ларъян нах хӀиттабе.
[19] Ткъа шу, совца а ца совцуш, мостагӀашна тӀаьхьадовлий дӀагӀо. Церан эскаран тӀаьхьара дакъош хӀаллакде, мостагӀий шайн гӀаланашка дӀа ма бахийта. Шун Везачу Дала шун кара схьа ма белла уьш».
[20] ЮшаӀа а, исраилхойн тӀемалоша а, мостагӀашна доккха зе а деш, уьш хӀаллакбинчул тӀаьхьа, царах биснарш чӀагӀйина йолчу гӀаланашка бевдира.
[21] Исраилхойн дерриг а эскар ЮшаӀ волчу, Макхедана уллохь лаьттачу шайн меттаматте, толамца юхадирзира. Исраилхошна дуьхьал дош ала хӀуттуш цхьа а вацара.
[22] Юха ЮшаӀа элира: «Хьехана чувоьду меттиг схьа а ястий, цу чуьра пхи паччахь со волчу схьавалаве».
[23] Цо ма-бохху дира: хьеха чуьра пхи паччахь схьавалийра: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш.
[24] Шена тӀе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тӀемалойн хьаькамашка ЮшаӀа элира: «ТӀе а гӀой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тӀе баха». Цара, тӀе а бахана, паччахьийн вортанаш тӀе когаш бехкира.
[25] ЮшаӀа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чӀагӀлой а, доьналла долуш а хила. Аша тӀом бен болчу шун массо а мостагӀашца иштта хир ву Веза Эла».
[26] Паччахьаш, байа а байина, пхеа дитта тӀехь хьалаоьхкира ЮшаӀа. Сарралц цу дитташ тӀехь кхезира уьш.
[27] Малх чубузучу хенахь ЮшаӀа омра а дина, дитташ тӀера схьа а даьхна, уьш дӀалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тӀулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Ӏохкуш ду уьш.
[28] Оцу дийнахь Макхеда-гӀала схьаяьккхира ЮшаӀа, туьра кӀел яхийтира цо иза а, цуьнан паччахь а. Дерриг а цу гӀали чуьра са мел долу адам хӀаллакдира цо: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. Макхедан паччахьна а Ерихонан паччахьна диннарг дира.
[29] Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Макхедара Либна-гӀала йолчу дӀа а вахана, цунна дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа.
[30] Везачу Эло исраилхойн кара схьаелира и гӀала а, цуьнан паччахь а. Цу чуьра са мел долу адам туьраца хӀаллакдира ЮшаӀа: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. ГӀалин паччахьна Ерихонан паччахьна диннарг дира.
[31] Юха исраилхошца цхьаьна Либнера Лахиш-гӀала а веана, цунна гонах меттамотт а хӀоттийна, гӀалина дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа.
[32] Везачу Эло Лахиш исраилхойн кара схьаелира, шолгӀачу дийнахь иза схьаяьккхира цара. Цу чохь мел долу садолу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Либнехь шаьш ма-дарра.
[33] Лахиш-гӀалина гӀо дан ГӀазаран паччахь ХӀорам веара, амма ЮшаӀа хӀаллаквира иза а, цуьнан эскар а. Ведда а, висна а, цхьа а царах дийна ца витира цо.
[34] Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Лахишара ӀегӀлон-гӀала веара ЮшаӀ. ГӀалина гонах меттамотт а хӀоттийна, цунна дуьхьал тӀом бира цара.
[35] Цу дийнахь иза схьа а яьккхина, цу чохь са мел долу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Лахишехь шаьш ма-дарра.
[36] ЮшаӀ а, исраилхой а, ӀегӀлонара дӀа а бахана, Хьевроне баьхкира. Цигахь гӀалина дуьхьал тӀом бира цара.
[37] ГӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь а, гӀали чуьра са мел долу адам а, луларчу ярташкахь мел верг а туьраца хӀаллаквира исраилхоша. Цхьа а дийна ца витира цара. ӀегӀлон-гӀалина диннарг дира Хьевронна а: гӀала а йохийра, дерриг адам хӀаллак а дира.
[38] Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, цуьнан эскар а, юха а дирзина, Дибар-гӀалина тӀе а деана, цуьнца тӀом бан хӀоьттира.
[39] ГӀала а, цуьнан паччахь а, гонахара ярташ а, схьа а яьхна, туьра кӀел яхийтира цара. Дерриг а са мел долу адам хӀаллакдира: дийна цхьа а ца висира. Хьевронна а, цуьнан паччахьна а, Либнина а, цуьнан паччахьна а диннарг Дибарна а, цуьнан паччахьна а дира.
[40] Акъареш тӀера а, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренера а, лаьмнийн когашкара а, басенашкара а – массанхьара а мохк схьабаьккхира ЮшаӀа. Церан паччахьаш хӀаллакбира цо. Цхьа а са долу адам дийна ца дитира, исраилхойн Везачу Дала тӀе-ма-диллара.
[41] Кхадеш-БарнаьӀара Ӏази-гӀала кхаччалц а, дерриг ГӀашан цӀе йолу латта а, ур-атталла ГавӀон-гӀалина тӀекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаӀа.
[42] Цкъа араваьлла, берриш и паччахьаш а, церан латтанаш а схьадехира ЮшаӀа, хӀунда аьлча исраилхойн Веза Дела Исраилан халкъехьа тӀом беш вара.
[43] Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, берриш исраилхойн тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.