Skip to content
Opens in a new window

[1] «Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогӀа сан багара долучу дешнашка.

[2] Сан хьехам, догӀа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогӀур ду, сеналлина тӀе догӀу дерз санна хир ду, бацана тӀе кхевсина догӀа санна хир ду.

[3] Ас Везачу Элан цӀе хьалаойур ю. Вайн Далла дӀало сийлалла!

[4] Иза тарх а ю, Цуьнан гӀуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву.

[5] Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догӀучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду.

[6] ХӀай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дӀалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дӀатардина а волу?

[7] Дагаяийта шира хенаш, ойла ел ширачу заманах лаьцна. Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга, шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга.

[8] Ша къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш, Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь, Цо хӀора халкъана шен-шен доза дӀахӀоттийра, стигалийн гуламан терахье хьаьжжина.

[9] ХӀунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду.

[10] Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гӀийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоӀбӀаьрг санна, Ӏалаш а дора.

[11] Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кӀорнешна тӀехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тӀемаш дӀасадаржадо, тӀемаш тӀехь Шен халкъ лелорхьама.

[12] Везачу Эло Ша леладора Шен къам. Цуьнца кхечу къоман дела вацара.

[13] Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура. Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора, тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.

[14] Цо бежанийн кӀалд, жийн шуьреш, дерстина Ӏахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кӀа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагӀар муьйлура цара.

[15] Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дӀатесира цара, шайн кӀелхьарбовларан тархах ца бешира уьш.

[16] Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цӀушца Иза оьгӀазвахийтира цара.

[17] Деланаш боцучу жинашна сагӀанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хӀинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна.

[18] Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара. Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогӀура царна.

[19] Иза ган а гина, Веза Эла царах дӀавирзира, Шен кӀенташа а, мехкарша а Иза оьгӀазвахийтина дела.

[20] Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах, царах хинйолу чаккхе гур ю Суна, хӀунда аьлча уьш телхина гара ду, уьш тешаме доцу бераш ду.

[21] Дела воцучуьнца цара хьагӀ хилийтина Сан, баьссачу цӀушца оьгӀазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагӀ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю цаьргахь.

[22] ХӀунда аьлча Сан оьгӀазаллех цӀе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦӀаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кӀажаш.

[23] Ас царна тӀе халонаш йоуьйтур ю, Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тӀекхиссина.

[24] Уьш мацалло гӀелбийр бу, хӀаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а. Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн дӀовш а тухур ду царна.

[25] Уьш туьро арахьа хӀаллакбийр бу, ткъа цӀа чохь – кхерамо: къонах а, йоӀстаг а, декхаш долу бер а, къежвелла къано а.

[26] Сан ала йиш яра: ‘ДӀаса а баржийна, адамашна юкъара уьш дагахь хилар а дӀадоккхур ду Ас’.

[27] Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагӀийн кхардарх къахкарна, церан мостагӀий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хӀара-м’“.

[28] Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду, цаьрга хӀуманаш къаста а ца ло.

[29] ЭхӀ-хӀай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тӀаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара!

[30] Эзарна тӀаьхьа цхьа мостагӀа муха валалур вара, шина мостагӀчуьнга итт эзар исраилхо муха дӀавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча!

[31] Уьш тӀетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц: вайн мостагӀий шаьш бу оцу тӀехь кхелахой.

[32] Седам-гӀалин кемсийн гаьннаш тӀера а, Ӏамор-гӀалина уллохь йолчу аренашкара а ю вайн мостагӀийн кемсаш. Церан кемсийн буьртигаш дӀаьвше ду, церан кенаш къаьхьа ду.

[33] Церан чагӀар – лаьхьарчийн дӀовш а, текхаргийн валаран талу а ду.

[34] „Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? – боху Везачу Эло. – ХӀуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дӀакъевлина?

[35] Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду. Хан тӀееача, церан ког галбер бу. Церан хӀаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тӀекхочу“.

[36] Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гӀелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча.

[37] Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш, царах тешна шу Ӏийна йолу тарх,

[38] аша сагӀина деанчух мохь йиина болу, сагӀина деанчух чагӀар мийлина болу? Шайна гӀо дайта хьалагӀовттийта уьш, хилийта царах шайна тхов кӀело!

[39] Хьажал хӀинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кӀелхьардахалур дац.

[40] Сайн куьг стигалшка хьала а айина, абаденналц долчу Сайн дахарх чӀагӀо йо Ас:

[41] ‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагӀашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггӀург.

[42] Ас Сайн пхерчий цӀийх дузор ду, байинчеран а, йийсарехь болчеран а цӀийх. Сан туьро дилха дӀа а кхоллур ду, оцу хаьржинчу мостагӀийн хьаькамийн кортош’“.

[43] Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тӀера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагӀашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дӀадохур ду!»

[44] Муса халкъана тӀевеара, оцу назманан дешнаш цо а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а халкъана дӀахазийтира.

[45] Оцу назманан дерриге а дешнаш берриге исраилхошка ша дӀааьлла ваьлча,

[46] Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.

[47] ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».

[48] Оццу дийнахь Везачу Эло, Мусага вистхуьлуш, иштта элира:

[49] «Ӏабарим лаьмнашна тӀе хьала а валий, муабахойн лаьтта тӀехь Ерихон-гӀалина дуьхьал болчу Набу-лома тӀе а валий, дӀахьажа КанаӀан-махке, Ас исраилхошна дола дӀалуш долчу лаьтте.

[50] Хьо хьалаволучу оцу лам тӀехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дӀакхетар ву, ХӀор-лам тӀехь вала а велла шен халкъах дӀакхетта волу хьан ваша АхӀарон санна.

[51] Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гӀалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богӀу ларам аша шимма ца гайтина дела а.

[52] Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters