Skip to content
Opens in a new window

[1] «Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича,

[2] шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо.

[3] Оцу деношкахь гӀуллакх деш хин волчу динан дена тӀе а гӀой, аш иштта дӀаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дӀахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваӀда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тӀе со схьавеана хилар“, – алий.

[4] Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттор ду.

[5] Ткъа аша, дӀахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дӀаала: „Сан ворхӀе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кӀеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира.

[6] Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гӀело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура.

[7] Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дӀахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гӀело а.

[8] ТӀаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тӀекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гӀуллакхашца, тамашийначу билгалонашца.

[9] ХӀокху метте схьа а далийна, хӀара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо.

[10] Ткъа хӀинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“. Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гӀо.

[11] ТӀаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цӀенна а деллачу рицкъах даккхийде – шу а, левихой а, шуна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а.

[12] Шун лаьтто схьаделлачух массо а хӀуманах уьтталгӀа дакъа дӀакъастийча, кхозлагӀчу шарахь, уьтталгӀа дакъа дӀадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀало, цаьрга шайн гӀаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а.

[13] Цул тӀаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дӀакъастийна мел долу хӀума сайн цӀенна тӀера схьа а эцна, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀаделла ас, Ахь суна тӀедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина.

[14] Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дӀакъастийначух хӀумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цӀена воцучу хенахь царах хӀумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хӀумма а веллачунна сагӀина дӀа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтӀахь хилира со. Ахь суна тӀе мел диллинарг кхочушдира ас.

[15] Хьо Ӏаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чӀагӀо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“».

[16] «ХӀокху дийнахь шун Везачу Дала весет до шуьга, хӀара парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушде аьлла. Мел долчу даггара а, шайн мел долчу синца а кхочушделаш уьш.

[17] Аша тахана шайн Везачу Эле дӀахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тӀедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугӀур дуйла а.

[18] Везачу Эло тахана чӀагӀо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхӀар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза.

[19] Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters