[1] «Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ.
[2] Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна:
[3] ГӀалахь а, арахь а декъала хир ду шу.
[4] Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.
[5] Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.
[6] Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.
[7] Шуна дуьхьалгӀевттина мостагӀий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхӀ новкъахула шух бовдур бу уьш.
[8] Шун чӀоьнашкахь а, шун куьйгаш дӀакхеттачу массо а хӀуманна тӀехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.
[9] Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду.
[10] ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина.
[11] Везачу Эло шуна массо а дикачу хӀуманна тӀехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду.
[12] Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун.
[13] Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш.
[14] Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».
[15] «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догӀахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тӀедиллинарг кхочуш а ца дахь, хӀокху неӀалтех хьалхадевр дац шу:
[16] НеӀалт хир ду шуна гӀалахь а, арахь а.
[17] НеӀалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а.
[18] НеӀалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагӀех а схьадаьллачу дохканна а.
[19] НеӀалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а.
[20] Шена тӀера шу дӀадерзарна, аш дечу муьлххачу гӀуллакха тӀехь Везачу Эло неӀалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.
[21] Шун доладан тӀедоьлхуш долчу лаьтта тӀера Ша хӀаллакдина дӀадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна.
[22] Везачу Эло хӀоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тӀе. Цара хьийзор ду шу хӀаллакьхиллалц.
[23] Шуна тӀехуларчу стигалех цӀаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду.
[24] ДогӀанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тӀеоьгур ю иза, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.
[25] Везачу Эло шайн мостагӀашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхӀ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду.
[26] Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дӀакъахкош стаг а воцуш.
[27] Мисархошна хилла йолу даьӀнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьӀнаш а, кӀамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш.
[28] Везачу Эло хьерадовлар а, бӀарздалар а, Ӏадор а хуьлуьйтур ду шуна.
[29] Дийнан делккъехь са а ца гуш, бӀаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гӀо а доккхур дац шуьгахьа.
[30] Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дӀа. ЦӀенош дийр ду аша, амма царна чохь Ӏийр дац шу. Кемсаш югӀур ю аша, амма пайда оьцур бац царах.
[31] Шун старана шун бӀаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дӀа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагӀий мостагӀашна дӀалур ду, цхьаммо а гӀо доккхур дац шуьгахьа.
[32] Шун кӀентий а, йоӀарий а кхечу халкъана дӀалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бӀаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун.
[33] Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаӀийна а хир ду шу.
[34] Шайн бӀаьргашна гучух хьерадевр ду шу.
[35] Голаш тӀехь а, настарш тӀехь а, когийн айраш тӀера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьӀнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.
[36] Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тӀе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тӀулгийн а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.
[37] Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш.
[38] Дуккха а ялта дӀадуьйр ду аша, амма кӀезиг гулдийр ду, хӀунда аьлча цӀазо дуур ду иза.
[39] Кемсаш, дӀа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагӀар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хӀунда аьлча нӀаьно дӀадуур ду уьш.
[40] Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тӀехь, амма даьтта хир дац шун, хӀунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш.
[41] КӀентий а, йоӀарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хӀунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш.
[42] Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цӀазо хӀаллакдийр ду.
[43] Шуна юкъахь Ӏаш волу тӀевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду.
[44] Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цӀоганехь.
[45] И дерриг а неӀалташ шуна тӀехь хир ду, шуна тӀера девр а дац уьш, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц, хӀунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгӀира, Цо тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира.
[46] Шуна а, шун тӀаьхьенна а тӀехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таӀзар даран билгало хилла лаьттар ду и неӀалташ.
[47] Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна.
[48] Везачу Эло шайна тӀеваийтинчу мостагӀчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тӀебиллинчу безачу мохьо Ӏазапехь латтор ду шу.
[49] Геннара, дуьненан йистера, халкъ тӀехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тӀелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна.
[50] И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош.
[51] Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагӀар а, даьтта а, стерчий а, уьстагӀий а дуьтур дац цара, шу хӀаллакдаллалц.
[52] Шун массо а гӀалина тӀе а летта, дерриг а шун лаьтта тӀера шун бӀобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тӀехь ерриг а шун гӀаланашна тӀелетар бу уьш.
[53] Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кӀентий а, йоӀарий а буур бу аша, мостагӀаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича.
[54] Шуна юкъахь хьолехь Ӏийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а.
[55] Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хӀунда аьлча цуьнан хӀумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагӀаша массо а гӀаланашкахь шу балане лаьцча.
[56] Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Ӏийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Ӏарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кӀанте а, йоӀе а.
[57] Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегӀах схьакъаьстина беран цӀа а лур дац цо нахана, хӀунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагӀаша шайн гӀаланашкахь шу балане лаьцча.
[58] Кху тептар тӀехь яздина тӀедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цӀарах шу ца кхерахь,
[59] Везачу Эло шуна а, шун тӀаьхьенна а хала а, инзаре а, дӀа ца доьрзу а ун а, луьра а, дӀа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю.
[60] Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух.
[61] Кху тептар тӀехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хӀаллакдина дӀадовллалц.
[62] Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш.
[63] Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хӀаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тӀедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу.
[64] Лаьттан цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дӀасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тӀулган а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.
[65] Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаӀа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бӀаьргашкахь кӀаддалар а латтор ду шуна.
[66] Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бӀобулуш хир дац шу.
[67] Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бӀаьргашна гуш долчунна а Ӏуьйранна аш эр ду: „Суьйре тӀекхачахьара-кх!“ – аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Ӏуьйре тӀекхачахьара-кх!“ – аьлла.
[68] Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хӀордкеманаш тӀехь. Цигахь шайн мостагӀашна дохкалур ду шу, леш а, гӀарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».