[1] «Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тӀера къаьмнаш хӀаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гӀаланашкахь а, цӀеношкахь а даха а ховшур ду шу.
[2] ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае.
[3] Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама.
[4] Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш.
[5] Масала шух шиъ хьуьнах вогӀу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тӀера а даьлла, шолгӀачу стагана тӀе а кхетта, иза вен тарло. ДӀалочкъийла йолчу гӀаланех цхьанхьа дӀавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама.
[6] И гӀаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чӀир йоькхучо, ша оьгӀазвахханчохь, стаг вийначунна тӀаьхьа а ваьлла, цунна тӀе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогӀу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагӀалла долуш ца хилла дела.
[7] Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, – аьлла.
[8] Шун Везачу Дала, шун дайшна ваӀда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чӀагӀоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дӀаделча, кхин а кхо гӀала дӀакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.)
[10] Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цӀий ца Ӏанадайтархьама а, шуна тӀехь цӀий ца хилийтархьама а.
[11] Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагӀа а хилла, иза лар а вина, цунна тӀе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гӀала дӀавадахь,
[12] тӀаккха цуьнан гӀаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тӀаьхьа нах бахийта беза. И стаг чӀир йоькхучу нехан кара дӀавала веза, иза валийтархьама.
[13] Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».
[14] «Шайн Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дӀакъастош а долу, шайн дайша дӀахӀоттийна а долу шира доза дӀа ма хиладе.
[15] Нагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац
[16] Нагахь санна мекара тоьшалла деш волу цхьаъ цхьанна дуьхьалвалахь, цо Ӏесалла ялийтина иза бехке а веш,
[17] тӀаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гӀуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дӀахӀуттийла.
[18] И гӀуллакх кхел ечара дикка талла деза. Нагахь санна и тоьшалла деш верг харцлуьйш а велахь, цо шен къомах волчунна харцтоьшалла а динехь,
[19] тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
[20] Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац.
[21] Къа ма хетийла цунах шун бӀаьргашна: синах са даккха догӀу, хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког».