Skip to content
Opens in a new window

[1] «Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дӀа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваӀда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а.

[2] Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла.

[3] Цо шу шаьш-шайна кӀезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хӀоттийна, гӀелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дӀагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хӀора дашца дехаш дуйла.

[4] Шун бедарш шуна тӀехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара.

[5] Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кӀант санна, шу Ӏамош дуйла а, нисдеш дуйла а.

[6] Цундела шайн Везачу Делан весеташ ларделаш, Цуьнан некъашца а лелалаш, Цуьнга ларамах дуьзна а хуьлуш.

[7] Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тӀе дӀадуьгуш ду. Оцу лаьтта тӀехь татолаш, Ӏемаш а, шовданаш а ду, тогӀешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу.

[8] Оцу лаьтта тӀехь кӀа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду.

[9] Оцу лаьтта тӀехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хӀуманна тӀехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цӀаста доккхур ду.

[10] Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш».

[11] «Ларлолаш, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тӀедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх.

[12] Юуш шаьш дуьзча, шайна дика цӀенош а дина, царна чохь шу даха хевшича,

[13] шайн даккхий а, кегий а бежанаш дебаш хилча, шайн деши а, дети а алсамдолуш хилча, шайн массо а долахь дерг совдолуш хилча,

[14] варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш.

[15] Чохь дӀаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара.

[16] Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тӀаьхьа шуна дика дархьама а,

[17] „Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хӀара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама.

[18] Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хӀунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваӀда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чӀагӀбархьама.

[19] Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла.

[20] Везачу Эло шуна хьалхара хӀаллакдеш дӀадоху халкъаш санна, хӀаллакдийр ду шу, шайн Везачу Делан озе ла ца дугӀу дела».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters