Skip to content
Opens in a new window

[1] Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.

[2] Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг.

[3] Шайн бӀаьргашца шуна гина Цо мел хьегийтина баланаш, Цо мел гайтина билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а.

[4] Амма Везачу Эло таханлера де тӀекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бӀаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама.

[5] Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира.

[6] Аша бепиг а ца доура, аша чагӀар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“.

[7] ХӀокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра.

[8] Церан латта, схьа а даьккхина, Раабанан а, Гадан а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а кхачийтира вай.

[9] ХӀокху бертан тӀедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугӀуш хилалаш, аша мел ден долчунна тӀехь шайн кхиамаш хилийтархьама.

[10] Шу массо а тахана шайн Везачу Далла хьалха лаьтташ ду, – шун тайпанийн хьаькамаш, шун къаной, шун тӀехьовсуш берш, берриге а исраилхойн божарий,

[11] шун бераш, шун зударий, иштта шун дечиг доккхуш волчунна тӀера шун хи кхоьхьуш волчунна тӀекхаччалц болу шун меттаматтахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах.

[12] Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а,

[13] тахана шух Цуьнан халкъ хилийтархьама а, Цо шуьга ма-аллара а, шун дай болчу ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а чӀагӀо ма-ярра а.

[14] Цо хӀара барт бар а, цуьнан тӀедожораш дӀаэцар а деккъа шуьца дина ца Ӏа.

[15] Амма и барт тахана кхузахь вайца цхьаьна вайн Везачу Далла хьалха лаьттачаьрца бина ца Ӏаш, тахана кхузахь боцучаьрца а беш бу.

[16] Шуна хууш ма ду, Мисар-махкахь вай муха даьхна а, шу чекхдевллачу халкъийн мехкашна юккъехула вай муха чекхдевлла а.

[17] Шуна гира дечигах а, тӀулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цӀуш.

[18] Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам.

[19] Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хӀокху бертан тӀедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, – бохуш. Иштта хӀаллакьхир ду дерриг а халкъ.

[20] Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгӀазлонан а, дераллин а цӀе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тӀехь яздина долу дерриге а неӀалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цӀе а дӀайойур ю лаьтта тӀера.

[21] Везачу Эло хӀаллакьхиларна дӀакъастор ву иза массо а Исраилан тайпанех, кху товрат-хьехаман тептар тӀерачу неӀалташа ма-бохху.

[22] Шул тӀаьхьа тӀекхуьучу тӀаьхьенех долчу шун берашна а, генарчу махкара хийрачу нахана а хӀара мохк дакъазабаккхар а, Везачу Эло цамгаршца иза гӀелбар а гур ду.

[23] Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тӀехь долу, цӀе яьлла аре хилла дӀахӀуттур ду. Цунна тӀехь ялта дӀадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тӀехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чӀогӀачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Ӏамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гӀаланашна хилларг санна.

[24] Массо а халкъаша эр ду: „ХӀун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чӀогӀа цӀе хӀунда яьлла?“

[25] Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дӀа а тесна,

[26] бахана, кхечу деланашна гӀуллакх деш а бу, царна Ӏибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Ӏамал ян.

[27] Цундела хӀокху лаьттах Везачу Элан оьгӀазлонан цӀе яьлла, Цо хӀокху тептар тӀе яздинчу бертан дерриг а неӀалташ царна тӀе хьажийна.

[28] Уьш Везачу Эло Шен чӀогӀачу оьгӀазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тӀера дӀа а даьхна, кхечу лаьтта тӀе кхийсина, хӀинца вайна гуш ма-дарра“.

[29] Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дӀаделладелларг – иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters