[1] «Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тӀаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хӀума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дӀа а делла, цо и зуда шен цӀенна тӀера дӀайохуьйту.
[2] И зуда, цуьнан цӀенна тӀера дӀа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду.
[3] Амма, масала, иза шолгӀачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дӀа а делла, и зуда шен цӀа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгӀа майра дӀакхалха мега.
[4] ХӀета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хӀума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха».
[5] «Нагахь санна цхьаммо зуда ялийна дукха хан яцахь, иза тӀаме ваха а ца веза, цхьа а хӀума цунна тӀедилла а ца деза. Иза цхьана шарахь паргӀат шен цӀахь вита, шен зудчун самукъа а доккхуш.
[6] Цхьаммо а кӀа ору лакхара я лахара болу хьеран тӀулг закъалтана схьаэца ца беза, хӀунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу.
[7] Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дӀадаккха шайна юкъара зулам.
[8] Варелаш, кхераме чкъуран цамгар кхеттехь, левихойх болчу динан дайша шайна мел хьехнарг леррина кхочушделаш. Ас царна тӀедиллинарг а леррина кхочушделаш.
[9] Дагадаийталаш шайн Везачу Дала шу Мисар-махкара арадевлла догӀучу хенахь Маремана динарг.
[10] Нагахь санна шух цхьаммо шен уллорачунна юхалург цхьа хӀума еллехь, цуьнан цӀа чу ма гӀо, цуьнгара закъалт схьаэцархьама.
[11] Шу арахь совца, ткъа шуьгара юхалург хӀума яьхьначуьнга закъалтана шуьга луш ерг шега араяккхийта.
[12] Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тӀехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дӀа ма дийшалаш.
[13] Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тӀехь а йолуш дӀадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду.
[14] Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гӀаланех цхьанна чохь Ӏаш волу тӀевеанарг иза велахь а.
[15] Цунна дӀабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дӀало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Ӏаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама.
[16] Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Ӏожаллин таӀзар догӀу зулам далийтина хӀорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза.
[17] ТӀевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тӀехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш.
[18] Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар, ткъа шун Везачу Дала шу цигара паргӀатдаьхна хилар. Цундела тӀедуьллу ас хӀара кхочушдар.
[19] Шун кха тӀехь ялта чудерзош шуна цхьа цӀов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гӀуллакхаш тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.
[20] Шайн зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгийча, юха ма дерза, кхин а цкъа гаьннашна гӀаж еттархьама. Дисинарг дита уьш тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а.
[21] Шайн кемсийн бешара стоьмаш схьадохуш, йисина кемсаш схьа ма яха. ТӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а йита уьш.
[22] Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар. Аса цундела тӀедуьллу шуна хӀара дар».