[1] Ша дӀакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хӀорш ду.
[2] Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара.
[3] Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш, Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара.
[4] Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тӀаьхьало ю.
[5] Веза Эла Шен хьомечу халкъана тӀехь паччахь хилира, халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь».
[6] Раабанхойх лаьцна Мусас элира: «Дехийла Раабанан тайпа, ма лойла иза, амма оцу тайпанах берш кӀезиг хуьлийла!»
[7] Ткъа яхӀудхойх лаьцна хӀара элира: «ДӀахазахьа, Веза Эла, яхӀудхоша орца даккхар, кхечу тайпанех кхин а дӀакхетабехьа уьш. Шаьш лардан чӀагӀдехьа церан куьйгаш. Хилахьа царна мостагӀашна дуьхьал волу гӀоьнча».
[8] Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла, Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.
[9] Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Ӏалаш а бина.
[10] Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо. Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху.
[11] Веза Эла, декъалбехьа церан бахам, ткъа цара мел дечунна реза хилахьа. Царна дуьхьал гӀовттучарна а, уьш ца безачарна а уьш цкъа а хьала ца гӀовттал чӀогӀа тохахьа».
[12] Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду, кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду. Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до, Цуьнан куьйгаш тӀехь и тайпа Ӏуьллуш а ду».
[13] Юсупхойх лаьцна иштта элира: «Везачу Эло декъалдойла церан латта стигалара охьадогӀу совгӀат долчу тхица, лаьтта бухара хьаладолучу хишца,
[14] малхо кхиийначех тоьллачуьнца, хӀора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца,
[15] ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца, даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгӀаташца,
[16] лаьтто лучу совгӀаташца, и латта дузуш долчуьнца. Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тӀехь, вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела.
[17] Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маӀаш гомашан маӀаш санна ю. И маӀаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тӀемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу».
[18] Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира: «Сакъера, забулхой, шайн некъаш тӀехь, иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь.
[19] Цара шайн халкъ лам тӀе схьакхойкху. Цигахь цара нийса сагӀанаш дохур ду. Шайн хьал схьадоккху хӀорда чуьра, хӀордан йистошкахь йолчу гӀамарна тӀера».
[20] Гадахойх лаьцна элира: «Декъала ву гадахойн мохк дӀасабаржийнарг. Гадин тайпа цигахь, лом санна, Ӏуьллуш ду, куьйгаш я кортош дохорхьама.
[21] Гадахоша тоьлла латта шайна хаьржира, куьйгалхочунна догӀу дакъа царна дӀаделира, халкъан баьччанаш гулбинчу хенахь. Цара кхочушбира Везачу Элан нийса лаам, Цо Исраилан халкъана тӀе мел диллинарг а кхочушдира».
[22] Данахойх лаьцна элира: «Данан тайпа – къона лом ду, Башан-махкара дедда догӀу».
[23] Напталхойх лаьцна элира: «Напталан тайпанна Дела реза хилира, иза Везачу Элан декъалдарех дуьзна ду. Малхбузе а, къилба а цуьнан долахь хир ю».
[24] Ашархойх лаьцна элира: «Уьш кӀенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу. И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла. Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара.
[25] Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду. Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».
[26] «Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.
[27] Хьан кӀелхьардолийла – даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кӀел ду. МостагӀий шун юьхь-дуьхьалара дӀа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХӀаллакбе!“
[28] Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тӀаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кӀех а, керлачу чагӀарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тӀехь.
[29] Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».