Skip to content
Opens in a new window

[1] «Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагӀанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа.

[2] Шайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара.

[3] Стерчий я уьстагӀий сагӀина деанчу наха динан дайшна дӀаяла еза цу дийнатийн хӀара меженаш: тӀа а, мочхалш а, искиртиг а.

[4] Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагӀар а, даьтта а, уьстагӀашна тӀера дуьххьара лергина тӀаргӀа а дӀало царна.

[5] ХӀунда аьлча шун Везачу Дала къастийна уьш шуна юкъара, Шена хьалха а лаьтташ, цара а, церан тӀаьхьено а Везачу Элан дуьхьа гӀуллакх дархьама.

[6] Муьлхха а левихо, ша Ӏийначу гӀали чуьра Исраилан мехкан мичча а меттера дӀа а вахана, Везачу Эло къастийначу метте шен деган лаамца ван йиш йолуш ву.

[7] Цигахь Везачу Элана Ӏамал еш болу шен вежарий левихой санна, шен Везачу Далла гӀуллакх деш иза велахь,

[8] вукху левихоша санна, цхьатерра дакъа схьаэца йиш ю цуьнан, шен ден бахам боьхкина эцначул совдаьккхина».

[9] «Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гӀуллакхаш дан ма Ӏамалаш.

[10] Шайна улло ма вита шен кӀант я йоӀ цӀергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг,

[11] адамийн синош тӀедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гӀерташ верг.

[12] ХӀунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гӀуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дӀалохку Цо и халкъаш, церан боьха гӀуллакхаш бахьана долуш.

[13] Шайн Везачу Далла хьалха цӀена хила».

[14] «Аш дӀалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугӀу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла.

[15] Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогӀа.

[16] Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“ – бохуш.

[17] Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар.

[18] Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тӀаккха Ас Шена тӀедиллинарг нахе дӀаэр ду Цо.

[19] Сайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгӀначуьнгара Ас жоп доьхур ду.

[20] Ас шена тӀедиллина доцург Сан цӀарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цӀарах къамел деш волу пайхамар а хӀаллакве“.

[21] Аш ойла ян тарло: „Тхуна муха хуур ду Везачу Элера ду я дац пайхамаро дуьйцуш дерг?“

[22] Нагахь пайхамаро Везачу Элан цӀарах аьлларг кхочуш ца хилахь, и дешнаш Везачу Элера дац. Уьш цу пайхамаро шегара дуьйцуш ду. Цунах ма кхера!»

Карлабаьккхина хьехам — Chapters