[1] «ХӀинца ладогӀа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тӀе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама.
[2] Цхьа а хӀума аса шуна тӀедиллинчунна тӀе а ма тоха, цунна тӀера дӀа а ма даккха. Ларде Аса шуна тӀедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ.
[3] Шун бӀаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаӀор-ломахь мел динарг. БаӀал-ПаӀорна тӀаьхьа мел хӀоьттинарг шун Везачу Дала, хӀаллак а вина, шуна юкъара дӀаваьккхина.
[4] Ткъа шу, шайн Везачу Делах дӀакхеттарш, дерриш а таханлерчу дийнахь а дийна дисина.
[5] Сан Везачу Дала сайна тӀедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тӀедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама.
[6] Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хӀунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дӀахезча, цара эр ду: „ЭхӀ, хӀара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“
[7] Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш?
[8] Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тӀедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дӀакховдош дерш санна?
[9] Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а.
[10] ДӀадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХӀетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тӀе халкъ, Ас Сайн дешнаш дӀакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дӀахезча, кху лаьтта тӀехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Ӏамор ду цара“.
[11] Юххе а даьхкина, шу ломан кӀажехь севцира. Ткъа и лам стигала дӀакхаччалц цӀе яьлла богура. Цигахь Ӏаьржа бода а, юькъа мархаш а яра.
[12] ТӀаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цӀерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара.
[13] Цо шуна Шеца беш болчу бертан тӀедожораш дӀакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дӀа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тӀулган шина экъанна тӀе дӀаязбира.
[14] ХӀетахь тӀедиллира суна Везачу Эло шайн дола даккха шу тӀедовлучу лаьтта тӀехь шайга кхочушдайта деза парзаш а, тӀедехкинарш а шуна Ӏамор».
[15] «Веза Эла Хьариб-ломахь цӀеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чӀогӀа ларделаш.
[16] Аша иза делаш шаьш ца талхадайтархьама, муьлххачу а вастехь шайна цӀу а вина – стеган я зудчун вастехь,
[17] лаьтта тӀехь дехачу дийнатан я стигалахь тӀемадолучу олхазаран вастехь,
[18] лаьттахула текхачу дийнатан я лаьттал лахарчу хи чохь нека дечу чӀеран вастехь.
[19] Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Ӏеха а делла, царна Ӏибадат ца дархьама а, царна гӀуллакх деш ца лелархьама а, хӀунда аьлча шун Везачу Дала стигал кӀел мел долчу халкъашна делла и дерриге а.
[20] Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хӀинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина.
[21] Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазваханера. Цо чӀагӀо йинера, со Йордан-хина дехьа а вер вац, шун Везачу Дала шун дола луш долчу оцу беркатечу лаьтта а вер вац аьлла.
[22] Йордан-хина дехьа а ца волуш, хӀокху лаьтта тӀехь лийр ву со, ткъа шу дехьа а девр ду, и токхе латта аша шайн дола а доккхур ду.
[23] Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара, Ӏамал ян цхьана хӀуманан вастехь цӀу-деланаш шаьш барх а.
[24] ХӀунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хӀума ягийна дӀайоккхур йолу цӀе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву.
[25] Нагахь санна, шун бераш а хилла, шун берийн бераш а хилла, оцу махкахь шу дуккха а Ӏан дахкахь, шу, цхьаннан вастехь цӀу-делан сурт а дина, талха мегара. И дарца аша шайн Везачу Далла хьалха вон дийр ду, тӀаккха Иза дарлур ву.
[26] Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тӀехь шу сихха хӀаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хӀаллакдина дӀадохур ду.
[27] Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду. Везачу Эло шу дӀалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кӀезиг бен дийна дуьсур дац.
[28] Аша цигахь кхечу деланашна Ӏибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тӀулгах а, царна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хеза, цаьрга хӀумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогӀу.
[29] Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча.
[30] Хало шайна тӀееача, тӀаьхьо и дерриг а шайна тӀенисделча, шу шайн Везачу Далла тӀедоьрзур а ду, Цо бохучуьнга аша ла а дугӀур ду.
[31] Шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ву. Цо шу дӀатосур а дац, хӀаллак а дийр дац, Цо шун дайшца, чӀагӀо а еш, Ша бина барт а бицбийр бац».
[32] «Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тӀехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хӀара санна сийлахь гӀуллакх, я хезний те хӀара санна дерг?
[33] ТӀаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цӀеран юккъера схьадечу къамелаца?
[34] Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!
[35] И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дӀахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац.
[36] Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Ӏаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цӀе а гайтина шуна, цӀеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна.
[37] Шун дай Шена безна дела, царах йисина тӀаьхье йолу шу хаьржира Цо. Цо Ша Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца шу арадаьхна.
[38] Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дӀалахкархьама а, шу церан лаьтта тӀе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хӀинца иза ма-дарра.
[39] ДӀа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тӀехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а.
[40] Ларделаш тахана ас шуна тӀедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тӀаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тӀехь шу дуккха а дахкийтархьама а».
[41] Цул тӀаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гӀала дӀакъастийра Муса-пайхамаро.
[42] Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама.
[43] Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гӀала раабанхошна лерина яра, ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гӀала маннашхошна лерина яра.
[44] ХӀара Мусас Исраилан халкъана дӀабовзийтина товрат-хьехам бу.
[45] Товрат-хьехамна чубогӀуш болу а, шаьш Мисар-махкара арабевллачул тӀаьхьа Мусас цаьрга дӀабелла болу сацамаш а, парзаш а, тӀедехкинарш а ду хӀорш.
[46] Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера.
[47] Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша.
[48] Арнон-хина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалара Сириюн-ломана тӀекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу).
[49] Царна чу йогӀура Йордан-хина малхбалехьа йолу Ӏариба-тогӀи, Пасга-ломан кӀажехь болчу Ӏариба-хӀордана тӀекхаччалц.