Skip to content
Opens in a new window

[1] «Абиб олучу баттахь шайн Везачу Далла лерина Пасахьан деза денош дазде, хӀунда аьлча оцу беттан цхьана буьйсанна шун Везачу Дала Мисар-махкара арадаьхнера шу.

[2] Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха.

[3] Цуьнан жижигца совсийна хӀума ма яалаш. ВорхӀ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хӀунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта.

[4] ВорхӀ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хӀума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагӀа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Ӏуьйренга ма далийта.

[5] Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гӀаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагӀина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун.

[6] Шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дӀабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь.

[7] Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгӀачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун.

[8] Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дӀахӀоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе».

[9] «Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде.

[10] Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина.

[11] Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а.

[12] Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар дагахь латтаде. Цундела и парзаш лар а де, уьш кхочуш а де».

[13] «Кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ворхӀ дийнахь дазде, шаьш аренаш тӀера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагӀар схьадаьккхина девлча а.

[14] Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кӀенташа а, йоӀарша а, шун леша а, гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болчу левихоша а, тӀебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а.

[15] ВорхӀ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хӀунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тӀехь а, шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а декъалдина ду шу.

[16] Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дӀахӀотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза.

[17] ХӀорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгӀат карахь а дахьаш ван веза».

[18] «Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гӀаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тӀехьовсурш а дӀахӀиттабе. Иза де цаьрга халкъана тӀехь нийса кхел яйтархьама.

[19] Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хӀунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бӀарзбо, нийса болчеран гӀуллакхаш хийцадолуьйту.

[20] Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а.

[21] Шайн Везачу Далла аша дӀахӀоттор болчу сагӀа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бӀогӀам ма хӀоттабелаш

[22] Харцделанашна а тӀулгаш дӀа ма хӀиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters