[1] Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш.
[2] Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха.
[3] ТӀаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀе дӀаязде.
[4] И тӀулгаш, ас тахана шайна тӀе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Ӏейбал-лам тӀе дӀа а хӀиттаде, царна тӀе кир а тоха.
[5] Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гӀирсаца ца хьаькхначу тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечъе.
[6] И меттиг, дийнначу тӀулгех а кечъяй, дӀахӀоттае, оцу тӀехь шайн Везачу Далла лерина сагӀанаш даха.
[7] Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела.
[8] ХӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀехь дӀаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».
[9] Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогӀа соьга! ХӀокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла.
[10] ХӀинца шайн Везачу Делан озе ладогӀа, тахана ас шайга дӀахьедеш долу Цуьнан весеташ а, парзаш а кхочушде».
[11] Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира:
[12] «Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тӀехь хӀара тайпанаш дӀахӀитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимӀин, Левин, ЯхӀудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш.
[13] Ткъа неӀалташ дӀакхайкхадайтархьама Ӏейбал-лам тӀехь дӀахӀитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш.
[14] Айдинчу озаца дӀакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду:
[15] „НеӀалт хуьлда къайлахчу метте дӀахӀоттийначу тӀулгах я дечигах я лалийна цӀу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хӀума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“
[16] „НеӀалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[17] „НеӀалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[18] „НеӀалт хуьлда бӀаьрзениг некъа тӀера галвоккхучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[19] „НеӀалт хуьлда тӀевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[20] „НеӀалт хуьлда шен ден зудчуьнца вижинчунна, шен ден дӀавуьжу мотт цо сийсазбаьккхина дела!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[21] „НеӀалт хуьлда хьайбанца дӀавижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[22] „НеӀалт хуьлда шен йишех, шен дена йинчу я шен нанас йинчу йоӀах куьг тоьхначунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[23] „НеӀалт хуьлда шен стунненаца вижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[24] „НеӀалт хуьлда къайлаха шен уллораниг вуьйш волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[25] „НеӀалт хуьлда, бехк боцучу стеган цӀий Ӏанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
[26] „НеӀалт хуьлда хӀоранна а, хӀокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чӀагӀ ца дечунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“»