Skip to content
Opens in a new window

[1] «Шу – шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегӀа тӀехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тӀера чоьш дӀа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гӀерташ.

[2] ХӀунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дӀакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тӀера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхӀар хилийтархьама».

[3] Мусас кхидӀа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хӀума ма яалаш.

[4] ХӀорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагӀий, гезарий,

[5] сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий.

[6] КӀоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду.

[7] Делахь а, нох доккхуш долчех я кӀоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хӀорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гӀамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю.

[8] Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта.

[9] Хи чохь дехачу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа.

[10] Ткъа пелагаш доцурш ма даа: уьш шуна хьарам ду.

[11] Олхазарех а даа хьанал дерш.

[12] Амма царах долу хӀорш даа мегар дац: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а,

[13] шен тайпанашца маккхал а, шен тайпанашца леча а,

[14] шен тайпанашца муьлхха къиг а,

[15] страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а,

[16] соька а, ибис а, кӀайн бухӀа а,

[17] пеликан а, сип а, чӀерийдохург а,

[18] аист а, шен тайпанашца зуя а, хӀуттут а, бирдолаг а.

[19] ТӀемаш долу дерриг а сагалматаш а хьарам ду шуна. Уьш ма даалаш.

[20] Ткъа тӀемаш долчу дийнатех муьлхха а хьанал дерг даа мегаш ду.

[21] Цхьа а къеелла йолу хӀума ма яа, муьлхачу шун гӀаланашкахь вехаш волчу тӀевеанчу стагана дӀало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дӀадохка и жижиг, хӀунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».

[22] «ХӀора шарахь шайн кхашна тӀехь, хӀу а тесна, айхьа кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дӀакъастаде.

[23] Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама.

[24] Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастор йолу меттиг гена йолу дела, и некъ шуна беха белахь, шайн Везачу Дала шу декъалдина хиларна уьтталгӀа дакъа цига шу дӀадахьалуш дацахь,

[25] и дерриге а детих хийца. ТӀаккха и дети шайн куьйга а диллий, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге схьадуьйла.

[26] Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагӀий, чагӀар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТӀаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хӀуманаш яа, иштта сакъералуш а хила.

[27] Шайн гӀаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хӀунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац.

[28] Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дерриге а дӀа а къастадай, оццу шарахь шайн гӀаланашкахь дӀадилла.

[29] ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters