[1] «Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву.
[2] Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза:
[3] „ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!
[4] ХӀунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагӀчух тасадала шуна гӀо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“.
[5] ТӀехьовсучара эскаре иштта дӀахьедан деза: „Керла цӀа дӀа а хӀоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цӀа юхаверза. Иза тӀамехь вен тарло, тӀаккха цуьнан цӀа кхечу стага къобалдийр ду.
[6] Кемсийн беш а йоьгӀна, цунна тӀера стом схьа ца баьккхинарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах.
[7] Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“.
[8] ТӀехьовсучара кхин а иштта дӀахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цӀа верза, кхечу тӀемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кӀеда ца хилийтархьама“.
[9] Эскаре къамел дина девллачул тӀаьхьа, тӀеман хьаькамаш схьахаржа, уьш тӀемалошна хьалха бовлийтархьама.
[10] Шаьш цхьа гӀала дӀалацархьама цунна герга даьхкича, цкъа хьалха барт бан хьовсалаш.
[11] Нагахь санна, реза а хилла, цара гӀалин ков дӀаделлахь, оцу гӀалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу.
[12] Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тӀом дӀаболабахь, аша цу гӀалина го белаш.
[13] Шун Везачу Дала и гӀала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хӀаллакбе туьран ираллица.
[14] Амма цуьнан ерриг а хӀонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гӀалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагӀийн хӀонсах шайна пайда эцалаш.
[15] Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гӀаланашна.
[16] Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гӀаланашкахь цхьа а чохь са долу хӀума дийна ма йиталаш.
[17] Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, Цунна дӀа а къастадай, хӀара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.
[18] Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гӀуллакхаш дан шайна цаьрга Ӏама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама.
[19] Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гӀала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гӀалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тӀелата дезаш долу.
[20] Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дӀахадо а мегар ду, шайца тӀом беш йолчу гӀалина дуьхьал чӀагӀонаш дӀахӀитторхьама, шаьш цунна тӀехь толам баккхалц».