[1] «ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу.
[2] И дан деза аша а, шун бераша а, царал тӀаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тӀедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а.
[3] Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.
[4] ЛадогӀа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву.
[5] Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза.
[6] Тахана Ас весет деш долу хӀара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь.
[7] Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а.
[8] Шайн куьйгаш тӀе дӀадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тӀе а дӀадехка уьш хьехорна.
[9] ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе».
[10] «Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю.
[11] Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цӀенош а, аша яьхна йоцу гӀунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тӀехь Ӏаббал баа кхача шайна хилахь,
[12] варелаш, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу Веза Эла виц ма велаш!
[13] Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гӀуллакх а ма де, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш а ма баа.
[14] Цхьана а кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тӀаьхьа ма хӀитталаш,
[15] хӀунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тӀедерзахь, Иза, латийна цӀе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тӀера дӀадохур а ду шу.
[16] Шайн Веза Дела зен ма гӀерта, шаьш Массехь иза ма-дарра.
[17] ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу.
[18] Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а,
[19] берриш а шайн мостагӀий, Везачу Эло ма-бохху, аша шайна гучуьра дӀабахийтархьама а.
[20] Нагахь санна тӀейогӀучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХӀун маьӀна ду вайн Везачу Дала вайна тӀебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“
[21] аш цаьрга иштта дӀаала: „Вай Мисар-махкахь пирӀунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца.
[22] ТӀаккха вайн бӀаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гӀуллакхаш а, Ӏадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирӀунна а, цуьнан массо цӀенна а тӀехь.
[23] Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дӀа а дигира, вайн дайшна чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама.
[24] Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тӀедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а.
[25] Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тӀе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».