Skip to content
Opens in a new window

[1] «Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.

[2] Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза.

[3] Шовзткъазза тохийта мегар ду, амма кхин сов тохийта мегар дац, дуккха а деттийтина, шун бӀаьргашна а гуш, шайн къомах верг юьхьӀаьржачу ца хӀоттийтархьама.

[4] Оручу стеран бат дӀа ма къовла».

[5] «Нагахь санна цхьаьна Ӏаш болчу вежарех кӀант воцу цхьа ваша дӀакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама.

[6] Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тӀаьхье йиц ца ялийтархьама.

[7] Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гӀалин кевне яха еза къаношна тӀе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тӀаьхье дӀаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“.

[8] ТӀаккха гӀалин къаноша, и стаг тӀе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, – алахь,

[9] цуьнан несо, цунна тӀе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тӀе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цӀа меттахӀотто лууш воцчунна до“.

[10] ТӀаккха цуьнан цӀенна исраилхошна юкъахь цӀе туьллур ю „Мача дӀаяьккхинчун цӀа“, – аьлла».

[11] «Нагахь санна божарий вовшахлетачу хенахь, оцу леташ болчеран цхьаннан зудчо, етташ волчун карара шен майра схьаваккха дагахь, царна тӀе а еана, шен куьг дӀа а кховдийна, оцу стеган бехке меттиг схьалацахь,

[12] цуьнан куьг дӀахададе. Цунах къа ма хеталаш.

[13] Шун тӀоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а.

[14] Шун цӀа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а.

[15] Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цӀена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама.

[16] ХӀунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета».

[17] «Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогӀуш Ӏамалекхахоша шайна динарг:

[18] новкъахь уьш шуна тӀелетира. Новкъахь шу кӀадделла а, хӀиттина а долчу хенахь, шуна тӀехьа богӀучу гӀелбеллачарна тӀелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара.

[19] Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters