Skip to content
Opens in a new window

[1] Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира.

[2] Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гӀой, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта».

[3] ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?»

[4] Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара.

[5] Нах багарбаран жамӀ Дауде дӀаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бӀе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу яхӀудхо виъ бӀе кхузткъе итт эзар стаг вара.

[6] Паччахьо тӀедиллина гӀуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба.

[7] И гӀуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таӀзар дира.

[8] Дауда Деле элира: «И гӀуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».

[9] ТӀаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира:

[10] «Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“».

[11] Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таӀзарх цхьаъ къастаде:

[12] Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тӀе а кхочуьйтуш, хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тӀехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Ӏожаллин ун хӀуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хӀаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?“»

[13] Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чӀогӀа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».

[14] ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш.

[15] Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хӀаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин хьаьттарна юххехь дара.

[16] Шен бӀаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тӀехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТӀаккха Дауд а, къаной а, тӀехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тӀе лаьтта охьаийгира.

[17] Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла, амма Хьан халкъана тӀехь и ун ма дуьсийла!»

[18] Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дӀаалийтархьама: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь».

[19] Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира.

[20] Ша кӀа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кӀант цу маликах дӀахьулвелира.

[21] Юха Дауд и волчу веара. ДӀахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара.

[22] Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тӀедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна».

[23] Аравнис Дауде жоп делира: «ДӀаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хӀара стерчий а дӀало дийнаташ дагоран сагӀина, мекха а дӀало ас дечиган метта, кӀа а дӀало кӀен сагӀина. И дерриг а аса маьхза дӀало хьуна».

[24] Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХӀунда аьлча хьан долахь йолу хӀума Везачу Элана сайгара сагӀина лур яц аса. Маьхза еллачу хӀуманах дагоран сагӀа а доккхур дац аса».

[25] Дауда ялх бӀе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах.

[26] Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. ТӀаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу меттигна тӀе стигалара цӀе а йоссош.

[27] ТӀаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира.

[28] Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дӀахезна хилар а гина, циггахь сагӀанаш дехира.

[29] Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цу хенахь ГавӀон-ломан сагӀа доккхучу гу тӀехь лаьтташ бара.

[30] Дауд ца ваьхьира Делах дагавала цига ваха, хӀунда аьлча Везачу Элан маликан туьрах кхеравеллера иза.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters