Skip to content
Opens in a new window

[1] ЯхӀудан хилира хӀара кӀентий: Парас, Хьацрани, Карма, Хьор, Шубали.

[2] Шубалин кӀант хилира Раи-ЯхӀу. Иза Яхьатан да хилира. Яхьатан кӀентий хилира: Ахьумай а, ЛахӀда а. Ахьумайн а, ЛахӀдин а тӀаьхьенех цорӀахойн тукхамаш схьадевлира.

[3] Эпратин дуьххьарлера доьзалхо волчу а, Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волчу а Хьоран кӀентий хӀорш бара: ӀайтӀам, Пенуал, Ӏезар. ӀайтӀаман кӀентий хӀорш бара: ИзраӀал, Ишма, Идбаш. Церан йишин цӀе ХӀацилалпуни яра. Пенуал Гадур-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ӏезар Хьушат-гӀала дӀахӀоттийнарг вара.

[5] Ашихьур ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ашихьуран ши зуда хилла: Хьалиа, НаӀран.

[6] НаӀрана бина кӀентий хӀорш бара: Ахьузам, Хьепар, Тимани, Ахьаштарай. Уьш НаӀранан кӀентий бара.

[7] Хьалиан хӀара кӀентий хилира: Царати, ЦӀохьар, Этнани,

[8] Къоца. Къоцин хилира кӀентий: Ӏануб, Цубиба. Къоцин тӀаьхьенах схьадевлира ХӀаруман кӀант волчу Ахьархьилан тукхамаш.

[9] Ткъа ЯӀабац шен вежарел лоруш стаг вара. Цуьнан нанас: «Аса чӀогӀачу лазаршца дуьнен чу ваьккхина хӀара», – аьлла, ЯӀабац цӀе тиллина хилла цунна.

[10] ЯӀабаца, исраилхойн Деле доӀа а деш, дийхира: «Ахьа со декъал а вахьара, сан латта шор а дахьара, со зуламех лар а веш, Хьо суна уллохь а хилахьара, со лазарш доцуш хилийтархьама!» – аьлла. ТӀаккха цо деххнарг делира цунна Дала.

[11] Ткъа Халуб Шухьин ваша вара. Халубан кӀант вара Махьир. Ткъа Махьир Эштунан да вара.

[12] Эштунан кӀентий бара: Байт-Рапа, Писухьа, Тахьина. Тахьинас Нахьаш-гӀала дӀахӀоттийра. Уьш Реха-гӀалин бахархой бара.

[13] Кхеназан кӀентий хӀорш бара: Ӏотниал, Сари-ЯхӀу. Ӏотниалан кӀентий хӀорш бара: Хьатати, МаӀунутай.

[14] МаӀунутай Ӏапрун да вара. Сари-ЯхӀу Йоабан да вара. Йоаб Пхьерийн тогӀи дӀахӀоттийнарг вара. Шаьш пхьераш болу дела тиллина хиллера цара и цӀе.

[15] Епунин кӀант волчу Килабан кӀентий хӀорш бара: Ӏиру, Эли, НаӀам. Элан кӀант вара Кхеназ.

[16] ЯхӀалал-Элан кӀентий хӀорш бара: Зип, Зипа, Тиръя, Асариал.

[17] Ӏезаран кӀентий хилла: ИтӀар, Мерад, Ӏайпар, Ялун. Ткъа Мерада пирӀунан йоӀ йолу Бит-ЯхӀу шена ялийра. Цо Мерадана дина бераш хӀорш дара: Марем, Шамай, Ишбахь. Ишбахьа ЭштамуӀа-гӀала дӀахӀоттийра. ЯхӀудхо йолчу Мерадан зудчо дина бераш хӀорш дара: Ярад, Хьебар, Якхутиал. Ярада Гадур-гӀала дӀахӀоттийра, Хьебара – Соха-гӀала, Якхутиала – Занухь-гӀала.

[19] Нахьаман йиша йолчу ХӀуди-ЯхӀун зудчун кӀентий хӀорш бара: гармихо волчу КъаӀилан да а, маӀхахо волу ЭштамуӀ а.

[20] ШимӀунан хӀара кӀентий хилира: Амнан, Рина, Бен-Хьанани, Тилун. Ишхьин хӀара кӀентий хилира: Зухьати, Бен-Зухьати.

[21] ЯхӀудан кӀант волчу Шейлин кӀентий хӀорш бара: Лека-гӀала дӀахӀоттийна волу Ӏаьр, Мареша-гӀала дӀахӀоттийна волу ЛаӀда, Байт-АшбаӀ-гӀалара ветанан кӀади деш хилла долу тукхамаш,

[22] иштта цуьнан тӀаьхьенах бара хӀорш: Йокхам а, Хузба-гӀалара бахархой а, кхин а Юаш а, Сарап а. Цушиммо Муаби-махкахь а, Яшуби-Лехьамахь а олалла дора. (Царах лаьцна яздина хилларг ширачу тептарш тӀера ду.)

[23] Шейлин кӀенташа кхийра пхьегӀаш йора. Уьш НатиӀам-гӀалахь а, Гадира-гӀалахь а Ӏаш бара, паччахьна гӀуллакх а деш.

[24] ШимӀин хӀара кӀентий хилира: Намуал, Ямин, Ярби, Зерахь, Шаул.

[25] Шаулан хилира кӀант Шалум. Шалуман хилира кӀант Мибасам. Мибасаман хилира кӀант МишмаӀ.

[26] МишмаӀан тӀаьхье иштта яра: цуьнан хилира кӀант Хьамуал. Закхур хилира Хьамуалан кӀант. Закхуран кӀант хилира ШамаӀи.

[27] ШамаӀин ялхитта кӀант а, ялх йоӀ а хилира. Ткъа ШамаӀин вежарийн бераш дукха ца хилира. ЯхӀудан тайпа санна доккха ца хилла ШамаӀин тӀаьхьенан долу дерриг а тукхам.

[28] Уьш бехаш бара Беар-ШабаӀ а, Мулада а, Хьацар-ШуӀал а гӀаланашкахь.

[29] Иштта Балхьат а, Ӏацам а, Тулад а,

[30] Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагӀ а,

[31] Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаӀрайм а гӀаланашкахь а бехира уьш. И гӀаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц.

[32] Церан пхи гӀала хилла шайн ярташца: ӀайтӀам, Ӏейн, Римун, Тухан, Ӏашун.

[33] Иштта оцу гӀаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаӀалт-гӀалина тӀекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.

[34] Машубаб, Ямлекха, Амци-ЯхӀун кӀант Юша,

[35] Юал, Ӏасиалан кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант Йошби-ЯхӀун кӀант ЯхӀу,

[36] ЭлъюӀинай, ЯӀакхуба, Яшухь-ЯхӀу, Ӏаси-ЯхӀу, Ӏадиал, Яшмиал, БенъяхӀу,

[37] ШамӀа-ЯхӀун кӀентан Шимрин кӀант волчу а, Яди-ЯхӀун кӀентан Ӏалунан кӀант волчу ШипаӀан кӀант волу Зиза а –

[38] уьш шайн тукхамийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхье чӀогӀа дебнера.

[39] Шайн хьайбанашна дежийла лоьхуш, Гадур-махкана а, цунна малхбалехьа йолчу тогӀина а тӀекхаччалц дӀабаханера уьш.

[40] Шаьш баханчохь царна токх йолу а, дика а дежийла карийна. Иштта боккха а, тийна а, шайна кхерам боцу а мохк карийна хилла царна. Уьш цига кхачале, цигахь кӀеззиг болу хьамахой бен бехаш ца хиллера.

[41] ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун заманахь, и цӀераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маӀунхошна а тӀелеттера. Цара уьш берриш а хӀаллакбина. Таханлерчу денна тӀекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хӀунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь.

[42] Ткъа царна юкъара ШимӀин тӀаьхьенах хилла волу пхи бӀе стаг СеӀир-лаьмнашка ваханера. Церан коьртехь хилла Палти-ЯхӀу, НаӀар-ЯхӀу, Рапи-ЯхӀу, Ӏузиал. Уьш Ишхьин тӀаьхьенах хилла.

[43] Цигахь дийна бисина болу Ӏамалекхахой байа а байина, баха охьахевшина уьш. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters