[1] Исраилан кӀентий бара: Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул,
[2] Дан, Юсуп, Бен-Яман, Наптал, Гада, Ашар.
[3] ЯхӀудан кӀентий бара: Ӏаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кӀант вина хилла канаӀанхо йолчу ШуӀин йоӀа. ЯхӀудан дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаьр Делан бӀаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира.
[4] ЯхӀудан несо Тамарас ЯхӀудана ши кӀант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кӀант вара ЯхӀудан.
[5] Парасан кӀентий бара: Хьацрани, Хьамал.
[6] Зерахьан кӀентий бара: Зимари, Этан, ХӀайман, Калкал, ДарӀа. Уьш верриг пхи кӀант вара.
[7] Далла лерина йохо дӀакъастийна хӀуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тӀебаийтина волу Ахари хилла Кармин кӀант.
[8] Этанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу.
[9] Хьацранина бина кӀентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб.
[10] Рамин хилира кӀант Ӏамминадаб. Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон, ЯхӀудан тайпанан баьчча хилла волу.
[11] Нахьшонан хилира кӀант Салма. Салмин хилира кӀант БоӀаз.
[12] БоӀазан кӀант хилира Ӏабади. Ӏабадин кӀант хилира Юшай.
[13] Юшайн хилира кӀентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгӀаниг Абинадаб, кхозлагӀниг ШимӀа,
[14] воьалгӀаниг Натунаил, пхоьалгӀаниг Радай,
[15] йолхалгӀаниг Оцам, ворхӀалгӀаниг Дауд.
[16] Церан йижарий бара: Царуят, АбигӀал. Царуятан кхо кӀант хилира: Абушай, Йоаб, ӀасахӀал.
[17] АбигӀала вира кӀант Ӏамасаъ. Ӏамасаан да вара исмаьӀалхо волу ИтӀар.
[18] Хьацранин кӀентан Килабан зудчо Ӏазубата йира йоӀ Яриат. Цо бина кӀентий бара: Ешар, Шубаб, Ардун.
[19] Ӏазубат елча, Килаба шена Эпрати ялийра. Цо вира кӀант Хьор.
[20] Хьоран кӀант хилира Ури. Урин кӀант хилира Бацалиал.
[21] ТӀаккха Хьацранис, шен кхузткъа шо долуш, ГалӀадан да волчу Макиран йоӀ ялийра шена. Цо Хьацранина вира кӀант Чагуб.
[22] Чагубан кӀант хилира Яир. ГалӀад-махкахь ткъе кхоъ гӀала яра цуьнан долахь.
[23] Амма гешурхоша а, арамхоша а Яиран махкара эвлаш а, Кхинат-гӀала а, цуьнца йоьзна хилла йолу кхузткъа юрт а цаьргара схьаяьккхира. Цигахь Ӏаш болу берриш а ГалӀадан дех Макирах схьабевллера.
[24] Килаб-Эпратин махкахь Хьацрани веллачул тӀаьхьа Хьацранин зудчо Аби-ЯхӀус вира кӀант Ашихьур. Цо ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийра.
[25] Хьацранин дуьххьарлера доьзалхо волчу Ярахьмиалан кӀентий бара: хьалхарниг Рам, цул тӀаьхьа Буна, Оран, Оцам, АхьъяхӀу.
[26] Ярахьмиалан кхин а зуда яра. Цуьнан цӀе Ӏатрат яра. Иза Онаман нана яра.
[27] Ярахьмиалан дуьххьарлера доьзалхо волчу Рамин кӀентий бара: МаӀац, Ямин, Ӏекхар.
[28] Онаман кӀентий бара: Шамай, ЯдаӀ. Шамайн кӀентий бара: Надаб, Абишур.
[29] Абишуран зудчун цӀе яра Абу-ХӀаил. Цо Абишурана бина кӀентий бара: Ахьбан, Мовлид.
[30] Надабан кӀентий бара: Селад, Апайм. Селад, цхьа а бер доцуш, велла.
[31] Апайман кӀант хилира Ишхьи. Ишхьин кӀант хилира Шишан. Шишанан – Ахьлай.
[32] Шамайн вешин ЯдаӀан кӀентий бара: ИтӀар, ЯхӀуната. ИтӀар, цхьа а бер доцуш, велла.
[33] ЯхӀунатин кӀентий бара: ПелатӀа, Заза. Иштта яра Ярахьмиалан тӀаьхье.
[34] Шишанан, йоӀарий бен, кӀентий ца хилира. Цуьнан, ЯрхьаӀ цӀе а йолуш, мисархо волу лай вара.
[35] Шишана шен йоӀ оцу ЯрхьаӀе маре яхийтира, ткъа цо вира кӀант Атай.
[36] Атайн хилира кӀант Ната, ткъа Натин хилира кӀант Забад.
[37] Забадан хилира кӀант: Эплал. Эплалан хилира кӀант Ӏабади.
[38] Ӏабадин хилира кӀант ЯхӀу, ткъа ЯхӀун хилира кӀант Ӏазар-ЯхӀу.
[39] Ӏазар-ЯхӀун хилира кӀант Хьелац. Хьелацан хилира кӀант ЭлиӀаса.
[40] ЭлиӀасан хилира кӀант Сисмай. Сисмайн хилира кӀант Шалум.
[41] Шалуман хилира кӀант Якхам-ЯхӀу. Якхам-ЯхӀун хилира кӀант Эли-ШамаӀ.
[42] Ярахьмиалан вешин Килабан масех кӀант хилира. Цуьнан дуьххьарлера доьзалхо хилира МешаӀ. Иза Зипан да хилира. Килабан кхин а цхьа кӀант Мареша хилира, иза Хьевронан да хилира.
[43] Хьевронан хӀара кӀентий хилира: Кхорахь а, Тапухьа а, Рекхам а, ШемаӀ а.
[44] ШемаӀан хилира кӀант Рахьам, иза ЙоркхиӀаман да хилира. Ткъа Рекхаман хилира кӀант Шамай.
[45] Шамайн хилира кӀант МаӀун, ткъа МаӀун Байт-Цуран да хилла.
[46] Килабан гӀарбаш-зудчун цӀе Ӏейпа яра. Иза ХӀаранан а, Муцин а, Газизан а нана яра. Ткъа ХӀаранан хилира кӀант Газиз.
[47] ЯхӀдайн кӀентий бара: РегӀам, Йовтам, Гишан, Пелат, Ӏейпа, ШаӀапа.
[48] Килабан кхин гӀарбаш-зуда а яра. Цуьнан цӀе МаӀха яра. МаӀха яра Шебаран а, Тирхьанан а нана.
[49] Иштта ШаӀапан а, Шивин а нана а яра иза. ШаӀапа Мадманан да вара. Шива вара Махбенан а, ГибаӀан а да. Килабан йоӀ Ӏахисат яра.
[50] Килабан тӀаьхьенан цӀераш хӀорш яра: Хьор вара Эпратин дуьххьарлера кӀант. Хьоран кӀентий хилира: Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийна волу Шубали,
[51] Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волу Салма, Байт-Гадер-гӀала дӀахӀоттийна волу Хьарпа.
[52] Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийначу Шубалих схьабевлира хӀаруахой а, манухьутхойн ахтукхам а.
[53] Кхиръят-ЯӀаримера тукхамаш хӀорш дара: итархой, путахой, шуматхой, мишраӀхой. Царах схьабевлира цорӀахой а, эштаулхой а.
[54] Салмин тӀаьхьенах схьабевлира: байтлахамхой, натӀупатхой, Ӏатрут-Байт-Йоабан бахархой, манахьтихойн ахтукхам, цорӀахой,
[55] иштта ЯӀабац-гӀалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирӀатхой, шимӀатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тӀаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да.