Skip to content
Opens in a new window

[1] Доьзалийн баьччанаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогӀучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цӀераш иштта яра. Шеран хӀора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гӀуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хӀуманаш кхочуш а деш. ХӀора тобанна чувогӀура ткъе виъ эзар стаг.

[2] Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тӀехь куьйгалла дора Забдиалан кӀанта ЯшбаӀама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[3] ЯшбаӀам Парасан тӀаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тӀехь коьртаниг.

[4] ШолгӀачу баттахь гӀуллакх деш йолчу тобанна тӀехь куьйгалла дора ахьохьахо волчу Додис. Микхлута цунна гӀо дора. Додин тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[5] КхоалгӀачу баттахь эскаран кхоалгӀа хьаькам вара динан да волчу ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара, ткъа иза коьртаниг вара.

[6] Иза вара майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъара схьакъастийна волу, царна тӀехь дӀахӀоттийна хьаькам. БенъяхӀун тобанна тӀехь куьйгалла дора цуьнан кӀанта Ӏами-Завада.

[7] БоьалгӀачу баттахь – воьалгӀаниг вара Йоабан кӀант Ӏасаал. Цуьнан кӀанта Забди-ЯхӀус цул тӀаьхьа куьйгалла дира. ӀасахӀалан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[8] ПхоьалгӀачу баттахь – пхоьалгӀаниг вара израхьахо волу хьаькам ШамхӀути. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[9] ЙолхалгӀачу баттахь – йолхалгӀаниг вара такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[10] ВорхӀалгӀачу баттахь – ворхӀалгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пеланхо Хьелац. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[11] БорхӀалгӀачу баттахь – борхӀалгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[12] УьссалгӀачу баттахь – уьссалгӀаниг вара Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Ӏанатотхо Абу-Ӏезар. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[13] УьтталгӀачу баттахь – уьтталгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Махьран. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[14] ЦхьайтталгӀачу баттахь – цхьайтталгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пӀарӀатунхо БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[15] ШуьйтталгӀачу баттахь шуьйтталгӀа хьаькам вара Ӏотниалан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Хьелдай. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

[16] Исраилхойн тайпанашна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш бара: Раабанан тайпанан коьрта хьаькам вара Зикрин кӀант ЭлиӀазар; ШимӀин коьрта хьаькам вара МаӀхин кӀант Шапат-ЯхӀу;

[17] Левин тайпанан – Къамуалан кӀант Хьашби-ЯхӀу; АхӀаронан тайпанан коьрта хьаькам вара ЦӀадукъа;

[18] ЯхӀудан тайпанан – Даудан вежарех волу ЭлихӀу; Иссарханан тайпанан – Микаалан кӀант Ӏумари вара;

[19] Забулан тайпанан – Ӏабди-ЯхӀун кӀант ИшмаӀ-ЯхӀу; Напталан тайпанан – Ӏазриалан кӀант Еримати вара;

[20] Эпрайман тайпанан коьрта хьаькам Азаз-ЯхӀун кӀант ХӀушаӀ вара; Маннашан ахтайпанан – Пади-ЯхӀун кӀант Юал;

[21] ГалӀад-махкахь долчу Маннашан ахтайпанан – Закри-ЯхӀун кӀант Ида вара; Бен-Яманан тайпанан – Абунаран кӀант ЯӀсаал;

[22] Данан тайпанан – Ярохьаман кӀант Ӏазариал. Уьш исраилхойн тайпанийн баьччанаш бара.

[23] Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера.

[24] Царуятан кӀанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гӀуллакх дарна Дела оьгӀазваханера Исраилан халкъана, цундела цӀерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гӀуллакхийн тептаран юкъа ца дахара.

[25] Паччахьан чӀоьнан цӀеношна тӀехь а урхалла дора Ӏадиалан кӀанта Ӏазмавата. Ткъа кхашна тӀехь а, гӀаланашкахь а, ярташкахь а, бӀаьвнашкахь а тӀаьхьалонна дӀадиллинчу сурсаташна тӀехь а урхалла дора Ӏузи-ЯхӀун кӀанта ЯхӀунатас.

[26] Латта лелош болчу аренийн белхалошна тӀехь урхалла дора Халубан кӀанта Ӏезрайс.

[27] Кемсийн бошмашна тӀехь урхалла дора Рама-гӀаларчу ШамаӀис. ЧагӀаран чӀоьнашкахь дӀадехкинчу сурсаташна тӀехь урхалла дора шипамхочо Завадис.

[28] Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тӀехь урхалла дора гадирахо волчу БаӀал-Хьанана. ТӀаьхьалонна дӀадиллина зайт-даьттан сурсатна тӀехь урхалла дора ЮӀаша.

[29] Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс. ТогӀешна чохь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора Ӏадлайн кӀанта Шаптис.

[30] Эмкалшна тӀехь урхалла дора исмаьӀалхо волчу Овбила. Варрашна тӀехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхӀус.

[31] Жашна тӀехь урхалла дора хӀагирхо волчу Язиза. И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалхой бара.

[32] Даудан гергара волу ЯхӀуната хьехамча вара. Иза, хьекъал а долуш, йоза хууш стаг вара. Ткъа Хьахманин кӀант Яхьиал паччахьан кӀентийн хьехархо вара.

[33] Ахьи-Тупал а вара паччахьан хьехамча. Ӏаьркхихо волу Хьушай паччахьан къастийна хьехамча вара.

[34] Ахьи-Тупалал тӀаьхьа паччахьан хьехамчаш бара БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Абу-ЯтӀари а. Ткъа Йоаб паччахьан эскаран хьаькам вара.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters