Skip to content
Opens in a new window

[1] Иштта массо а исраилхой шайн тукхамашца дӀаязбинера Исраилхойн паччахьийн тептар тӀе. Ткъа яхӀудхой Бавел-махка дӀабигнера, уьш Далла тешаме ца хиларна.

[2] Йийсарера юха а бирзина, шайн гӀаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а.

[3] Ярушалаймехь баха охьахевшира ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а, Маннашан а тӀаьхьенашкара цхьаболу нах.

[4] ЯхӀудан кӀентан Парасан тӀаьхьенах цигахь вара: Ӏутай. Иза вара ӀамихӀудан кӀант. ӀамихӀуд вара Ӏумарин кӀант. Ӏумари вара Имарин кӀант. Ткъа Имари вара Банин кӀант.

[5] Шилунан тӀаьхьенах цигахь хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а.

[6] Зерахьан тӀаьхьенах вара ЯӀуал а, цуьнан вежарий а. ЯхӀудан тӀаьхьенах верг верриг а ялх бӀе везткъе итт стаг вара (690).

[7] Бен-Яманан тӀаьхьенах цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Салуъ (иза вара Машулиман кӀант, ткъа Машулим вара ХӀудав-ЯхӀун кӀант, ткъа иза вара ХӀасинуан кӀант),

[8] Ярохьаман кӀант волу Ибна-ЯхӀу, Махрин кӀентан Ӏузин кӀант волу Эла, Ибни-ЯхӀун кӀант волчу РаӀалан кӀентан Шапат-ЯхӀун кӀант Машулим.

[9] Церан тукхамашкахь исс бӀе шовзткъе ялхитта стаг вара (956). Массо а и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара.

[10] Ярушалаймехь динан дайх баьхнарш хӀорш бара: Яди-ЯхӀу, ЯхӀу-Яриб, Якин,

[11] Делан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏазар-ЯхӀу (иза вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Хьалкхи-ЯхӀу вара Машулиман кӀант, Машулим вара ЦӀадукъин кӀант, ЦӀадукъа вара Маръютин кӀант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кӀант),

[12] Ӏади-ЯхӀу (иза вара Ярохьаман кӀант, Ярохьам вара Пашихьуран кӀант, Пашихьур вара Малки-ЯхӀун кӀант), МаӀсай (иза вара Ӏадиалан кӀант, Ӏадиал вара Яхьзарин кӀант, Яхьзари вара Машулиман кӀант, Машулим вара Мишламатин кӀант, ткъа Мишламати вара Амиран кӀант).

[13] Шайн доьзалийн баьччанаш болу динан дай цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъа стаг вара (1760). Уьш говза нах бара, царна тӀедиллина дара Делан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш кхочушдар.

[14] Левихойх цигахь бехаш хӀорш бара: ШамӀа-ЯхӀу (иза вара Хьашубин кӀант, Хьашуби вара Ӏазрикхаман кӀант, Ӏазрикхам вара Хьашби-ЯхӀун кӀант, ткъа Хьашби-ЯхӀу мерарихойн тӀаьхьенах вара),

[15] Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхӀу (иза вара Микин кӀант, Мика вара Зикрин кӀант, Зикра вара Асайпан кӀант),

[16] Ӏабди-ЯхӀу (иза ШамӀа-ЯхӀун кӀант вара, ШамӀа-ЯхӀу вара Галалин кӀант, Галали вара Ядутунан кӀант), иштта Элкханан кӀентан Асин кӀант Берех-ЯхӀу а вара. Иза натӀупатхойн ярташкахь вехаш хилла.

[17] Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхой хилла болу цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Шалум а, Ӏакхуби а, ТӀулман а, Ахьиман а, церан вежарий а. (Царах коьртаниг Шалум вара.)

[18] Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гӀаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гӀаролхой а бара.

[19] Шалума (иза вара Кхурин кӀант, Кхура вара Аби-Асин кӀант, Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цӀийнан неӀсагӀина уллохь гӀарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гӀарол деш ма-хиллара.

[20] ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас хиллера хьалха царна тӀехь хьаькам. Веза Эла а вара цуьнца.

[21] Делан цӀийнан неӀарехь гӀарол деш вара Мишлам-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу.

[22] НеӀаршна чуволлучохь гӀарол дан схьахаьржинарг верриг а ши бӀе шийтта стаг вара (212). Уьш шайн ярташкахь цӀераш дӀаязъечу тептарш тӀе дӀаязбина хилла. Уьш тешаме хилла дела, Дауда а, Делера дерг гуш волчу Шамъала а дӀахӀиттийнера уьш оцу гӀуллакхе.

[23] Уьш а, церан тӀаьхьенаш а Везачу Элан цӀийнан кевнехь гӀарол деш бара (хьалха Везачу Элан цӀийнан метта Делан четар дара).

[24] Оцу цӀийнан еа а агӀор – малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа, къилбехьа – лаьтташ гӀаролхой бара.

[25] Ткъа шайн ярташкахь Ӏаш болчу церан гергарчу наха, билгалъяьккхинчу хенахь царна тӀе а богӀуш, цаьрца цхьаьна ворхӀ дийнахь гӀуллакх дора.

[26] Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цӀенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гӀарол дан дӀахӀиттийна.

[27] ГӀарол дар шайна тӀедиллина дела, цара, Делан цӀенна гонах дӀа а хӀуьттуш, буьйсанаш йохура. ХӀора Ӏуьйранна неӀарш дӀаелла а езара цара.

[28] Левихойх цхьаберш бара динан гӀуллакх деш лелош йолчу пхьегӀашна тӀехьажа дӀахӀиттийна. И пхьегӀаш дӀалучу а, схьаоьцучу а хенахь ягаръеш хилла.

[29] Вукхарна тӀедиллина дара Делан цӀийнан еза хӀуманаш а, кхиболу гӀирс а, дама а, чагӀар а, зайтдаьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а Ӏалашъяр.

[30] Динан дайх цхьаболчара хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цхьаьна эяр кхочушдора.

[31] Кхорахьахочун Шалуман дуьххьарлера доьзалхо волчу левихочун Матит-ЯхӀун кара деллера сагӀанашна хӀуманаш цӀера тӀехь яттар.

[32] КхахӀатхой болчу церан цхьаболчу вежаршна тӀедиллина хилла Далла леринчу хӀора шоьтан дийнахь Цунна бепиг кечдар.

[33] Левихойн доьзалийн баьччанаш болу илланчаш Делан цӀийнан кертахь йолчу чоьнаш чохь Ӏийра. Уьш кхечу гӀуллакхех мукъабаьхна бара, хӀунда аьлча цара дийнаххьий, буьйсанний шайн корматалла дӀакхехьа езара.

[34] Левихойн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара уьш. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.

[35] Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара и гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра.

[36] ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа цуьнан хилла кӀентий хӀорш бара: Цура, Къуша, БаӀал, Нер, Надаб,

[37] Гадур, Ахьъю, Закри-ЯхӀу, Микхлут.

[38] Микхлутан кӀант вара Шемами. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.

[39] Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал а Шаулан кӀентий бара.

[40] ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика.

[41] Микин кӀентий бара: Питун, Малик, ТахьраӀ, Ахьаз.

[42] Ахьазан кӀант вара ЯӀари. ЯӀарин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца.

[43] Муцин кӀант вара БинӀа. БинӀин кӀант вара Рапи-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀун кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара.

[44] Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш Ацалин кӀентий бара.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters