Skip to content
Opens in a new window

[1] Делан тӀорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТӀаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара.

[2] Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира.

[3] Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра.

[4] ТӀаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тӀорказна хьалха гӀуллакх дан дӀахӀиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доӀанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а.

[5] Царах коьртаниг Асайп вара, шолгӀаниг вара Закри-ЯхӀу, цул тӀаьхьа бара ЯӀиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхӀу, Элиаб, БенъяхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дӀахӀиттийра. Асайп дӀахӀоттийнера цӀастанан жима негӀарш вовшехдетта.

[6] Динан дай болу БенъяхӀу а, Яхьазиал а дӀахӀиттийнера Делаца бинчу бертан тӀорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама.

[7] Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар.

[8] Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.

[9] Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.

[10] Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!

[11] Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.

[12] Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,

[13] ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш, Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш!

[14] Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.

[15] Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,

[16] ИбрахӀимца Ша бина болу барт, Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда.

[17] Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана – гуттаренна а болу барт санна.

[18] Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».

[19] Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.

[20] Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.

[21] Дала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:

[22] «Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».

[23] Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено. Де дийне мел дели Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.

[24] Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.

[25] Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.

[26] Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цӀуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.

[27] Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду.

[28] Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!

[29] Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта чу дуьйлийша! Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гӀойша.

[30] Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!

[31] Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!»

[32] ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е! Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.

[33] Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду, Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву, дуьненна тӀехь куьйгалла дархьама.

[34] Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[35] Алийша: «КӀелхьардахахьа тхо, КӀелхьардохург волу тхан Дела, схьа а гулдехьа, кӀелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьан цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.

[36] Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!»

[37] Асайп а, цуьнан гергарнаш а Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха дӀахӀиттийна битира Дауда, цаьрга массо а хенахь, хӀора а дийнан эшаре хьаьжжина, гӀуллакх дайтархьама.

[38] Цаьрца цхьаьна цо витира Ӏабади-Эдом а, цуьнан гергарчарах волу кхузткъе ворхӀ стаг а. Ткъа Ядутунан кӀант Ӏабади-Эдом а, иштта Хьоса а кевнехь гӀарол дийраш бара.

[39] Ткъа динан да волу ЦӀадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавӀонан гу тӀехь долчу Везачу Элан цӀа чохь.

[40] Уьш хӀиттийнера, цаьрга дагоран сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь массо а хенахь, Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагӀанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дӀабеллачу товрат-хьехам тӀехь яздинчу массо а хӀумане хьаьжжина.

[41] Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХӀайман, Ядутун, кхиболу, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хӀунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

[42] ХӀайман а, Ядутун а хӀоттийнера турбанашца а, цӀастанан негӀаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гӀирсашца а мукъам балорна тӀехь. Ткъа Ядутунан кӀентий кевнехь дӀахӀиттийна бара.

[43] Дерриге а халкъ шен-шен цӀа дирзира. Дауд а юхавирзира, шен цӀа декъалдархьама.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters