Skip to content
Opens in a new window

[1] Дауд Къушин кӀантах Шаулах къайлаваьлла лелачу хенахь, Даудаца цхьаьнакхетта ЦакхелагӀ-гӀала баьхкинарш хӀорш бу (тӀамехь Даудана гӀо деш болчу турпалхошна юкъахь бара уьш,

[2] Бен-Яманан тӀаьхьенах а болуш, карахь секхаӀедаш а долуш, аьтту я аьрру куьйга ширдолаг лелош я пхерчий кхуьссуш болу Шаулан гергарнаш бара уьш):

[3] царах коьртаниг волу АхьиӀазар а, иштта ЮӀаш а (уьш бара гебаӀхо волчу ШемаӀин кӀентий); Ӏазмаватан кӀентий Язиал, Пелат; Барха а, Ӏанатотхо ЯхӀу а;

[4] ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам а волуш, царна юкъахь доьналла хиларца къаьстина хилла волу гавӀонхо ИшмаӀ-ЯхӀу; Ярми-ЯхӀу, Яхьазиал, Йохьан, гадирахо волу Юзабди,

[5] Эли-Ӏузай, Еримати, БаӀал-ЯхӀу, Шамар-ЯхӀу, хьарупхо волу Шапат-ЯхӀу;

[6] кхорахьахой болу Элкхан, Йиши-ЯхӀу, Ӏазариал, ЮӀзар, ЯшбаӀам;

[7] гадурхочун Ярохьаман кӀентий болу ЮӀела, Забди-ЯхӀу.

[8] Гадахойх цхьаберш Даудехьа бевлира, яьссачу аренгахь йолчу цуьнан чӀагӀоне а баьхкина. Уьш бара майра турпалхой, тӀом бан кийча болу тӀемалой, карахь турсашший, гоьмукъашший а долуш. Церан, лоьмийн санна, яххьаш яра. Уьш, ламанан лунаш санна, чехка а бара.

[9] Царах коьртаниг – Эзар, шолгӀаниг – Ӏабди-ЯхӀу, кхозлагӀниг – Элиаб,

[10] воьалгӀаниг – Мишмана, пхоьалгӀаниг – Ярми-ЯхӀу,

[11] йолхалгӀаниг – Атай, ворхӀалгӀаниг – Элиал,

[12] борхӀалгӀаниг – Йохьанан, уьссалгӀаниг Эли-Забда,

[13] уьтталгӀаниг – Ярми-ЯхӀу, цхьайтталгӀаниг – Махбанай вара.

[14] Гадахойх болу уьш тӀеман хьаькамаш бара: лахарниг – бӀе тӀемалочунна тӀехь, ткъа лакхарниг – эзарна тӀехь.

[15] Уьш бара Йордан-хи дистина догӀуш хиллачу дуьххьарлерчу баттахь, хих чекх а бевлла, цу тогӀи чохь бехаш хилла болу, массо а нах малхбалехьа а, малхбузехьа а дӀалелхийнарш.

[16] Иштта, Даудан чӀагӀонна тӀе баьхкира Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенах болу нах.

[17] Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гӀо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагӀийн кара со дӀавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цӀена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна».

[18] Ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам волчу Ӏамсайна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха цо элира: «Тхо хьоьгахьа девлла, Дауд, хьоьца ду тхо, Юшайн кӀант! Боккха машар хуьлда хьуна, машар хуьлда хьан гӀоьнчашна а, хӀунда аьлча хьан Дела хьоьгахьа ву». Дауда уьш, тӀе а эцна, эскаран коьрте дӀахӀиттийра.

[19] Маннашан тайпанах болу цхьаболу нах Даудехьа бевлира, Дауд пӀелаштамхошца цхьаьна Шаулна дуьхьал тӀом бан воьдучу хенахь. (Амма Дауда пӀелаштамхошна гӀо ца дина, хӀунда аьлча пӀелаштамхойн куьйгалхоша, вовшашна юкъахь барт а бина, дӀавахийтина хилла иза, ишттачу дешнашца: «Вайн нах а байина, иза шен паччахь волчу Шаулехьа вер ву».)

[20] Дауд ЦакхелагӀе юхавоьрзучу хенахь цуьнгахьа бевлла маннашхой хӀорш бара: Аднахь, Юзабди, ЕдиӀаал, Микаал, Юзабди, ЭлихӀу, Цилтай. Уьш маннашхойн эзарна тӀехь болу хьаькамаш бара.

[21] Цара талорхойн тобанашна дуьхьал латта гӀо дора Даудана, хӀунда аьлча уьш берриш а доьналла долу хьаькамаш бара эскарехь.

[22] ХӀора дийнахь Даудана гӀо дан нах тӀеэхарна, Делан эскаре кхоччуш, чӀогӀа алсамделира цуьнан эскар.

[23] Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дӀаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тӀемалойн тобанийн барамаш иштта бу:

[24] ЯхӀудан тӀаьхьенах, карахь турс а, гоьмукъ а болуш волу, тӀамана кийча волу ялх эзар бархӀ бӀе стаг (6800);

[25] ШимӀин тӀаьхьенах доьналла долуш волу ворхӀ эзар цхьа бӀе тӀемало (7100);

[26] Левихойн тӀаьхьенах – виъ эзар ялх бӀе стаг (4600);

[27] АхӀаронан тукхаман баьчча волу ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнца волу кхо эзар ворхӀ бӀе стаг а (3700);

[28] Майра къонах волу тӀемало ЦӀадукъа а, цуьнан доьзалера волу ткъе ши хьаькам а;

[29] Бен-Яманан тӀаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хӀетталц Шаулан цӀенна тешаме биснера);

[30] Эпрайман тӀаьхьенах волу, шайн тукхамашкахь цӀе яххана волу, доьналла долуш волу ткъа эзар бархӀ бӀе стаг (20800);

[31] Маннашан ахтайпанах берхӀитта эзар (18000) стаг (уьш хӀорра а леррина схьакъастийнера, Даудаца дӀа а бахана, иза паччахь дӀахӀоттавайтархьама);

[32] Иссарханан тӀаьхьенах волу ши бӀе баьчча а, царна муьтӀахь болу массо а гергара нах а (уьш заманах кхеташ а, Исраилан халкъо дан дезарг хууш а нах бара);

[33] Забулан тайпанах схьакъастийна волу, массо а тайпана герз карахь а лелош, тӀамана кийча волу а, Даудана гӀо дарна тӀехь цхьа барт болу а шовзткъе итт эзар стаг (50000);

[34] Напталан тайпанах волу эзар хьаькам а, цаьрца цхьаьна карахь турсаш а, гоьмукъаш а долу ткъе вуьрхӀитта эзар тӀемало а (37000);

[35] Данан тайпанах тӀамана кийча волу ткъе бархӀ эзар ялх бӀе стаг (28600);

[36] Ашаран тӀаьхьенах тӀамана кийча волу шовзткъа эзар тӀемало (40000);

[37] Йордан-хина дехьа агӀор долчу раабанхойн а, гадахойн а тайпанех а, Маннашан ахтайпанах а волу массо а тайпана герз карахь долу цхьа бӀе ткъа эзар стаг (120000).

[38] ТӀамана кечвина волу массо а тӀемало доггах веара Хьеврон-гӀала, Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь дӀахӀотторхьама. Кхиболу массо а исраилхой а цхьа барт болуш бара Дауд паччахь дӀахӀотторна тӀехь.

[39] Дауд волчохь юуш-молуш кхо де даьккхинера цара, хӀунда аьлча церан гергарчу наха массо а тайпана юург-мерг кечйинера царна.

[40] Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тӀехь, эмкалш тӀехь, бӀарзанаш тӀехь, стерчаш тӀехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагӀар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хӀунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters